Шо доладелчхьана пачхьалкхан зорбанашна Нохчийчохь дайина 400 миллион сом
Стохкалерачу шарца дуьстича Нохчийчохь зорбанан гIирсашна доьхкина ахча 40 миллион соьмана сов ду, дерриг а доьхкина 433,8 миллион. Исс баттахь дайинчу бюджетан ахчанах лаьцна республикан премьер-министро Хучиев Муслима тIечIагIдинчу кехата тIехь ду и язина. Документаца а догIуш, Нохчийчоьнан зорбанан гIирсашна 2022-чу шеран дечкен-баттера гезгамашин-батте кхаччалц доьхкина бюджетера 433,8 миллион сом, иштта 200 миллион сом телехьожийлина а, радиона а. Республикехь болх беш ю пачхьалкхан "Грозный" канал а... Читать дальше...