Нохчийчохь Iедалхоша лачкъийна хилла волу ши вахархо къайлаха дIавоьллина – "Мемориал"
2002-чу шеран чакхенгахь Нохчийчохь Iедалхоша лачкъийна дIавигира 31 шо долу Духаев Гилани а, 29 шо кхаьчна волу Гатаев Ахьмад а. И ший а дIакхелхина полицин отделехь, бохуш дуьйцу адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" Центро. И хаам меттигерчу хьасто бина бохура. "Мемориал" центро дийцарехь, лахьан-беттан 19-хь Духаев Iедалхоша далецира Науран кIоштан Ищерски эвлахь. Иза цара Соьлжа-гIаларчу заводскойн кIоштан полицин декъе кхачийра - 8 де даьлча, лахьан-беттан 27-хь, иза дакелхира. Дакъа полисхоша Гиланин гергарчаьрга дIаделира... Читать дальше...