Ямадаев верна бехкелерийначунна бина сацам хийцина
14 шо хьалха "Восток" батальонан экс - буьйранча Ямадаев Сулим вийна аьлла бехке лоруш вара Нохчийчуьра вахархо Мазаев Зелимхан. ХIинца Оьрсийчоьнан Талламан комитето боху: "Мазаев Зелимхан Сирехь "низам дохош г1аттаммхойн тоба" вовшахтухуш ца хилла. Цо шен накъосташна зуламаш кечдарехь гIо дина."
"Талламхоша дийцарехь, 2014-чу шарахь Мазаевс "Исламское государство" экстремистийн - тобанна ахчанца гIо лаьцна. Йуьхьанца цунна тIейаздинарг -"низам дохош г1аттаммхойн тоба" вовшахтохар дара( таIзар - набахтехь даккха 20 шо). Талламан чакхенгахь цунна бехке дуьллург: террор-зулам дан леринчу нахана ахчанца гIо дар. Ткъа цу зуламна догIу таIзар 2010-чу шарахь Бехк-такхар кодексехь бинчу керлачу хийцамашца 10 шо бен хир дац,- боху "Коммерсанто".
Мазаевн адвокато и хийцам "жима толам бу"элира. Вуьшта а, шаьш цунна тIера бехк "тоьшаллаш цахиларна" дIабаккхийта хьовсур ду аьлла, тIетуьйхира.
Дубай гIаларчу прокуратуро "Восток" батальонан экс-буьйранча верехь шаьш бехке лору хьо аьлла хаам бира Мазаевга. Ямадаев Сулим вийра 2009-чу шарахь. Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь (ОАЭ), цIенна уллорчу машен дIахIоттучу паркехь. Iарбойн Эмираташкарчу талламхоша а, кхело а герз тухуш и вийнарг Мазаев Зелимхан ву аьлла, сацам бира. Амма цара ша дIалацале, Мазаев цу махкара дIаваха кхиира.
И хиллачул тIаьхьа сих-сиха Москварчу полицино Мазаев сацавеш нислора: 2011- чу шеран гурахь ресторанехь "Стечкин" тапча "йицйира" цо, 2012-чу шеран йуьххьехь ша шен коганна герз туьйхира. 2015-чу шеран дечкен-баттахь шен накъосташца инкассаторшна тIелата хьаьжира. Эццехь дIалаьцна, 6 шо чохь йаккха хан туьйхира цунна. Амма цо 3 шо, 9 бутт бен ца баьккхира. Цу хенах дукхах йерг - талламан изоляторехь.
Ямадаев веран хьокъехь ОАЭ - Iарбойн Эмираташкарчу Iедало 7 Оьрсийчоьнан вахархо лахар дIахьедира. Царна йуккъехь вара РФ Госдуман депутат Демельханов Адам а, Мазаев Зелимхан а.
Ямадаев Сулима оьрсийн нохчашца хиллачу тIамехь маршо кхайкхинчу Ичкерина тIехIоьттина, тIом бина ву. ШолгIачу тIамехь - Оьрсийчоьнехьа, "Восток" батальонан буьйранча волуш. 2009чу шарахь Дубай гIалахь вийна ву. Ямадаев Руслан, Сулимин ваша - (2003-2007ш. Госдуман депутат) -2008чу шарахь Москвахь вийна.
Ши Ямадаев (вежарий) дIаваккхале хьалхарчу муьрехь Кадыров Рамзанан полит-конкуренташ лоруш бара. "Новая Газета"- хаамашца, ши Ямадаев 2006-чу шарахь Политковская Анна йерехь дакъалаьцна хила мегаш ву.