Керлачу Зеландехь маьждигашна тIелатардинарг бехке вина террор лелорна
Стигалкъекъа-бутт болалуш шена йинчу чевнех велира Туркойчоьнан махкахо Туран Зекерия. Иза 51 стаг вара Крайстчёрчерчу тIелатарехь вийна волу.
Зазадоккху-беттан 15-чу дийнахь 28 шо долчу Астралерчу вахархочо Тарранта динера цу гIалахь долчу шина маьждигана тIелатар. Иза лаьцна латтош ву.