Iедалан векалшна ницкъбарна 25 стаг жоьпе озийна ГIалгIайчохь
Болчу хаамца, лецначех 21 стаг латтош ву Нальчикехь талламан изоляторехь, кхин а 2 ву талламан изляторна чувоьллина Къиласеда ХIирийчохь, ткъа кхин а 2 ву цIахь лаьцна латтош. Оцу 25 стагах 5 бехке веш ву Iедалан векалшна ницкъ барна.
ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дийцарехь, верриг а жоьпе озийнарг ву республикера 218 вахархо. Царах 32-нна бехке дуьллуш ду криминалан зуламаш дар.
Евкуровс бинчу хаамца, кхин а 8 стаг лоьхуш ву ницкъаллин структурийн белхахоша.