Францино Оьрсийчоьне дIавелла стаг вуьйш дакъалацарна лоьхуш хилла нохчи
Цу девнехь дакъалаьцначу 5 стагах оццу дийнахь лаьцнера машенан долахо Мухаметов а, Нохчийчуьра схьаваьла Чергисханов а, Ибрагимов а. Царна хенаш туьйхира кхело 2012-чу шарахь, Мухаметовна 2 шо ах шо, Чергисхановна 18 шо, Ибрагимовна 17 шо луьрачу хьелашкахь набахтехь даккха. Цул сов зуламхоша токхур ду 5 миллион 230 эзар сом гIуда.
Кхин а 2 нохчо къайлаваьллера. 2018-чу шарахь цу шиннах цхьаъ Францин полицина карийра шайн махкахь. Иза хIинца дIавелла Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахошка. Карарчу хенахь лаьцнарг латтош ву Салехардерчу талламан изоляторехь. Кестта кхел йир йолуш ю цунна.