Шемара гIаттамхой арабовлуш бу кхин а цхьана кIоштара
Шемара гIаттамхой дIабаха кийча бу, масийтта шарахь шайн карахь хиллачу Димашкана гергарчу кIоштара. ТIедогIуш Шеман Iедална муьтIахь долу эскар а долуш, Малхбалерч Каламунехь йолчу масийтта гIалара шайн доьзалшца цхьаьна арабовла реза хилла оппозицин тIеман тобанийн декъашхой. Шеман къилбаседехь йолу и территори дIалоцур ю президентана Асад Башарна мутIахь болчу тIеман ницкъаша. Цу хьокъехь барт хилла шина агIонан, юкъарло лелош Оьрсийчоь а йолуш. ГIаттамхой Малхбалерчу Каламунера дIабаханчул тIаьхьа... Читать дальше...