Питтсбургерчу синагогехь герзаш диттина нах байина
Iамеркан Пенсильвани штатерчу Питтсбургерчу синагогехь герзаш диттина мел лахара а 10 стаг вийна аьлла бу CBS телеканалан зулам хиллачу меттигера бина хаам. Бокъдолу терахь мел ду хууш дац, CBS телеканало полисхойн хаамашна тIе а тевжина дIахьедина вийнарг бархI стаг ву аьлла. Ишта Reuters агенталло дIакхайкхийна, вийнарг бархI, лазийнарг 12 стаг ву аьлла. Меттигерчу KDKA канало хаамбарца, синагоган хьалхарчу гIат тIехь вийна 4 стаг герзаш диттина, кхин а 4 вийна лахарчу тIегIа тIехь. Сурт гинчара дийцарехь... Читать дальше...