ГIалгIайчохь велла "Э" центран хьаькам вен гIоьртича чов хилла полисхо
Данбанан хIусамехь велла ГIалгIайчуьрчу экстремизмана дуьхьало йон центран ("Э" центр) хьаькаман машенна герз тоьхна чов хилла полисхо. И тIелатар динера "Кавказ" федералан некъаца нохчийн дозанца лаьттачу полицин постана гергахь Дечкен-беттан 12-чохь. "Э" центран хьаькам Эльджаркиев ИбраьхIим чохь волчу Mercedes-на масатопп йиттинера "Лада Гранта" чуьра. Иза ларвеш хиллачу кхаа гIаролхочунна чевнаш хиллера. Эльджаркиев дийна висина. Чевнаш хилларш дIакхачийнера дарбанан хIусаме. Царах цхьаъ ву велларг. Читать дальше...