"Путин дIаэккхо" воьдуш хиллачу шаманан агIончаш лецна ФСБ-но Якутехь
Якутерчу Нерюнгри гIалахь ФСБ-н белхахоша дIалаьцна "Путин дIаэккхо" Москва воьдуш хиллачу шаманан Габышев Александран кхо агIонча. Цунах лаьцна хаам бинера Сибирь.Реалии сайтан корреспонденте царах цхьаммо Ростокин Евгенийс. Цо дийцарехь, иза а цуьнан ши накъост а Якутскера Чита агIор воьдуш хилла. Нерюнгри некъан полицин постехь (ДПС) церан машен сацийна кехаташ талла. Цул тIаьхьа жигархошна тIе веанчу ФСБ-н кхаа белхахоо дIавигина Ростокин а, цуьнан ши накъост а полицин декъе. Ростокин... Читать дальше...