Маситта денна хи доцуш бисина Соьлж-ГIалан цхьайолчу кIоштийн бахархой
Нохчийчоьнан коьртачу меттиган Соьлж-ГIалин юкъ хи доцуш йисина маситта денна, хаам бо Кавказ.Реалиино, шен корреспондентана тIе а тевжаш. Дийцарехь, кхоалгIа де ду цига хи далар ханна сацийна. МУП "Водоканал Грозного" урхалло шен Instagram-хь хаам бинера, ГIура-беттан 6-хь дуьйна дийнахь-бусий Соьлж-ГIалан Ленинан а, Заводан а кIошташкахь цхьаболчу урамашкахь хи хир дац аьлла. "Водоканало" хьехар динера, хьалххе эций хиза охьадиллахьара аьлла. Амма цхьацца урамашкарчу бахархоша дийцарехь, хи лекъна "Водоканало" дIахаийтар дале хьалха. Читать дальше...