Шен веа накъостана йиттина Нохчийчуьра эскархо маьрша витина
Эскаран гIуллакх дечу Нохчийчуьра Ералиев Адам-Сурхос шен веа накъостана йеттар бакъдина Волгоградера гарнизонан тIеман кхело, амма витина иза маьрша. "Планкехь" латтош хиллачарна йеттарна кхело арахь даккха ши шо хан тоьхнера цунна. Талламо а, кхело а тIечIагIдарца, Ералиевца цхьаьна эскаран гIуллакх деш хиллачу веаммо пост дIатеснера, шаьш бертал хIиттийна, шайна мийраш биттича. Иштта гIагI диллина ши бронежилет тIе а йохийтина, юха а бертал хIоттийна, гех мийраш биттинера царна, шлем коьртах а диттинера. Читать дальше...