Нохчийчохь, Кубанехь харц бехктакхаман гIуллакхаш кхуллуш административан дIалацар леладо – зорбанаш
Нохчийчохь, Краснодаран махкахь, кхечу регионашкахь а даккхийрачу, йа кегийрачу бехкашца бехктакхаман гIуллакх доладалале, стаг административан кепехь дIалоцу, наггахь масийттаза. "Новая газета. Европан" талламхошна хетарехь, оцу кепара ницкъахоша Iаткъам латтабо лаьцначарна тIехь, цаьрга шайна оьшу кийтарлонаш йалийта. Масала, 2017-чу шеран мангал-баттахь Краснодаран аэропортехь паспортан контролехь терроризмана шеконашка а лаьцна, Нохчийчуьра ши вахархо дIалецира – Туркойчу ваха новкъаваьллера и шиъ. Читать дальше...