"Ши том йоьшу дийнахь". АрашуковгIеран кхел сов яхйина
![](https://gdb.rferl.org/6491A4C4-DAF9-4D0B-AB01-E36653D781FC_w800_h450.jpg)
Кхарачой-Чергазийчоьнан сенатор Iийна Арашуков Рауф а, мехкан Халкъан Кхеташонан депутат лаьттина цуьнан да Арашуков Рауль а кхаа кIиранах деша бакъо йолуш ву шайна дуьхьал гIаттийначу бекхтакхаман документаш.
Иштта бу Москварчу Басманный кхело бина сацам – талламан дехарца яцйина кехаташ довза луш йолу хан, хаам бо "Коммерсанто".
Талламна хетарехь, кхел йолало хан тIаьхьататтархьама, АрашуковгIар леррина лела меллаша.
Адвокаташ харц до и тайпа дIахьедарш. Цара бахарехь, лецначара бехктакхаман гIуллакхан ши том йоьшу дийнахь, цундела олийла дац цара "леррина яхйо кехаташ довза елла хан".
Шина а агIонна мега сацам беш, Басманный кхело цундела хIоттийна документаш довза еллачу ханна доза – Зазадоккху-беттан 19-гIа.
2019 шеран Дечкен-баттахь лецира Арашуков Рауф, иза бехкево зуламечу тобанехь хиларна, ши стаг вейтарна, тешашна тIеIаткъамаш барна. Буьйцу байъинарш бу юкъараллин жигархо Жуков Аслан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан президентан хьехамча Шебзухов Фрал а.
Экс-сенаторан да Арашуков Рауль а ву лаьцна. Юьхьанца цунна бехкедора 32 миллиар соьманна газ лачкъор, амма стохка аьхка мукъаваьккхира иза оцу бехках. Стаг вер доху цунна дуьхьал.