Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Дерриг дикачунна монополи. ГIоьналлин барамаш шена тIе муха базбо Кадыровн Фондо

Дерриг дикачунна монополи. ГIоьналлин барамаш шена тIе муха базбо Кадыровн Фондо

Кадыров Ахьмадан цIарахчу регионерчу фондо дийцина ша нохчийн ломанан Дишни-Веданахь некъ билларх лаьцна. Меттигерчу бахархоша дIахьедира Кавказ.Реалиига, оцу белхашна ахча юьртхоша гулдина хилар. Хьалххе дуьйна муьлхха а республикера юкъараллин объекташ фондо шен чоьте язъеш йолу практикан рогIера дакъа хилла цунах, чIагIдо эксперташа.

Пхи бIе метр болчу некъана силам (асфальт) билларх лаьцна меттигерчу телехьожийлехь дийцира. ЧГТРК "Грозный" каналан репортажехь Веданан кIоштан администрацин куьйгалхочо Абдулазизов Шарпуддис дIахьедира, меттигерчу бахархоша "массочу хенахь" бала хьоьгура Школьная урамера некъ боьхначу хьолехь хиларна. Цо бахарехь, Кадыровн Фондо "совгIатна" некъ биллира цига, шега оцу тайпа дехар ма-кхаччара.

ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан "Особый разговор" программан эфирехь некъана силам билларца йолчу проблемех лаьцна дийцира юьртхоша. ТIаккха кIоштан куьйгалхочо жоп делира, хьукмат и гIуллакх листа хьожур ю, йа "фондера гIо доьхур ду". 

Белхаш дIа а бирзина, репортаж эфире яьлча юьртхоша латкъамаш бира Кавказ.Реалиин корреспонденте, цара бохура, некъ табан ахча хIора доьзалера гулдира, къоьлла хьоьгучу нехан тептарехь берш биссалц. Редакцица къамел динчу хIораммо а 20 эзар сом хьахийра.

"Юьртарчу доьзалшна 20 эзар – иза шортта ахча ду, хIунда аьлча, хIора кертахь аьлча санна дуккха а бераш ду. Сайн масех берийн багара а даьккхина, къинхьегамца гулдина ахча царна хIунда дала деза ас? Кехаташца кечдина дацара и ахча гулдар, тIаккха керланашкахула кIоштан куьйгалхочо, кхин эхь ца хеташ, дIахьедира, некъ Кадыровн Фондан чоьтах биллина, аьлла", - дийцина Дишни-Веданарчу яхархочо.

ШолгIачу къамелдинчо хаамбина, ша "къоьллехь ю", иштта царна ахча дIадаларна: "Болх беш цхьа цIийнда бен вац, алапа доккха дац, кху шарахь кхо бер школе дахана сан, декхарш хьерчо дезна сан уьш кечдан гIерташ. Цхьа сом делла йоцучу Кадыровн Фондана а ца олуш, шайн тIаьххьара ахчанаш охьадиллина болчу юьртарчу бахархошна кIоштан куьйгалхочо и баркал аьллехьара хIумма а дацара. Бераш школе хьийсо гIо деш йоцучу пачхьалкхана муьлхачу бахьанашца гIо дан дезаш ю со?"

Белхаш дирзинчу дийнахь меттигерчу динан гIуллакххочо мессенджерехула меттигерчу бахархошка кхайкхам дIабазбира. Цо доьхура лаам болчу юьртахошка оцу хиламна лерина мовладе бахкар. Оцу дийнахь цо шолгIа аудио дIаязйира, бохура, гулам хир бац – Iедало ша хIоттор бу барам, иза "официалехь" а бийр бу.

Кавказ.Реалиин корреспондент Веданан кIоштан администрацица зIене велира, некъ билларна ахча мичар даьлла хоттуш – цигахь а хьахийра официалера верси. Бахархоша дина латкъамаш тIечIагIде, йа харцде, аьлла дехар дича хьукматан белхахочо элира, некъан белхаш доьлхучу юкъанна "хIоранна аьтто бу шен кетIа кхачалц ахчанах некъ биллийта, йа кхин белхаш дайта". Кхин дIа къамел дан реза ца хилира иза, "жоп дала аьтто бац шен", аьлла.

Бюджетера "сагIа"

ЧГТРК "Грозный" каналан эфирехь тIаьххьарчу шерашкахь бIеннаш репортажаш арахоьцура, Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондана чоьте язъеш тайп-тайпана гIишлош йоттар гойтуш. Гайтаме хилира Пролетарски эвларчу ширачу хIусамашкарчу бахархошна керла цIенош дар. 2020-чу шеран лахьан-беттан 11-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша оцу эвла вахча Оьрсийчоьнан ЖКХ-н, гIишлош йоттаран а министре Файзулин Иреке телефон туьйхира, юьртахошна федералан программехула керла хIусамаш йотта барт беш, аьлча а, бюджетан ахчах. Миттигерчу зорбанаша оцу белхашна лерина мел кIезга а 15 репортаж яьккхира. 

Амма 2020-чу шеран гIуран-беттан 2-хь ЧГТРК "Грозный" эфирехь дIахьедира, гIишлош йотта "ахча делларг Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу регионера юкъараллин Фонд ю". Изза юха а хьахийра гIуран-беттан 7-хь, гIуран-беттан 14-хь, гIуран-беттан 18-хь арахецначу репортажашкахь а. Кхин кхо де даьлча эвла схьайоьллуш хIоттийначу барамехь тIаьххьаре а элира, ширачу хIусамашкара нах кхечу цIеношка дIатарбаран программехула дина и белхаш, тIетуьйхира, "диссинарг дерриг" Кадыровн Фондан чоьтех дина. ХIусамашна тIеоьхкина Кадырова Айманин суьрташ дара – иза ю оцу фондан формалера президент. 

И схема лелийра Гуьмсан кIоштара бахархошна хIусамаш ечу юкъанна – кхузахь а фондо шен чоьте даздира белхаш дар. 2020-чу шеран гIадужу-баттахь дийцира меттигерчу телехьожийлехь къечу наханна керла петарш яларх лаьцна. Репортажехь вовшашца цадогIу дIахьедарш дора: кIоштан администрацин куьйгалхочо Закриев Сахьаба а, шаьш бахархоша а Кадыровна баркалш олура, амма иштта дIахьедора, белхаш "Жилье и среда" къоман проектехула дина хилар. Оцу Iалашонна пачхьалкхан эцарийн сайте хIоттийна 77 млн соьманна тендераш яра. Церан контракташ "Мегастройинвест" компанина кхечира – иза ю Кадыровн Фондо кхоьллина.

Оцу фондо иштта пайда оьцу латта хаьрцаш долчу меттигашкара бахархой кхечу хIусамашка дIатарбаран программех а. Масала, 2020-чу шеран марсхьокху-баттахь Нажи-Юьртан кIоштан Бенахь доьзалшна 23 доларчу хIусамийн догIанаш дIакхачийра. ЧГТРК "Грозный" телехьожийло дIахьедира, оцу гIуллакхна ахча делларг хьехийна йолу "гIоьналлин" вовшахтохаралла ю, амма пачхьалкхан эцарийн сайтехь иштта квадраташ а йолуш 23 хIусам йоттаран тендер арахийцира, цуьнан берриг мах 104 млн сом бара. Уьш йоьттинарг а яра "Мегастройинвест". 

Тамашена хьал хIоьттира жимачу Нажи-Юьртан кIоштан ТӀуртӀи-КӀотарахь социалан гIишлойн комплекс юттуш: берийн беш, школа таяр, культуран цIа, фельдшеран-акушеран пункт, маьждиг а ду уьш. Хьалхарчу шина объектийн 85 млн соьманна йолу тендераш хьалххе дуьйна пачхьалкхан эцарийн сайте хIиттийна хиллехь, амма культуран центр йоттаран тендер иза йина яьлча бен ца хIоттийра. 

Оцу масалшна тIе тидам бохуьйту шен талламашкахь нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос: къастийначу рубрикехь цо гучудоккху Кадыровн Фондо пачхьалкхан ахчанах дина гIуллакхаш ша дича санна дIагайтар. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь цо билгалдаьккхира, цхьа хIилла оьшуш гIуллакх дац иза – фондо шен чоьте яздо ша дина доцург.

"Иза уггара даьржиначех цхьаъ ду. Республикехь беркате мел-дерг Кадыровн Фондера хила дезаш ду, кхи цхьангара а хила ца деза. Пандеми йолчу юкъанна фондо "лелийначух" дерг-м ас хьеха а ца до. Цигахь дерриг харц гIо ду", - боху спикеро.

Къамелдечунна хетарехь, "гIоьналлин пропаганда" цхьана декъехь ларайо КадыровгIеран доьзална беркате сурт кхолларан Iалашонца. Меттигерчу телехьожийлехь дуьйцург талла массера а аьтто ца хиларца доьзна ду иза: "Верриг ма ца хьожу талламашка, йозуш йоцу зорбанаш а ца йоьшу".  

Абдурахмановс дагадоуьйту Iалхан-Юьртан ши дакъа вовшах а тоссуш Мартан-хи тIехула доьттина долу тIайца хилла истори. Оцу гIуллакхна ахча МагомадовгIеран доьзало деллера, амма официалерчу зорбанаша дIахьедира, тIай Кадыровн Фондо доьттина, аьлла. Репортаж арахецначул тIаьхьа эвларчу бахархойн ур-атталла шайн инстаграмера посташ а хийца дезнера, баккъала болчу спонсоршна меттана Кадыровна баркала а олуш.

РогIерчу хьолехь пропагандо тидам ца бо шен репортажашкахь вовшашца ца догIу дIахьедарш хиларна. ТIаьххьарчех цхьа масала ду – Гермачиган уллехула керла некъ схьабеллар. Эфирехь дIахьедо, "Безопасные и качественные дороги" къоман проектехула табина некъ. Амма Шелан кIоштан къедо Неттиев Хож-Ахьмада дIахьедира, оцу некъахула дIа мел воьдучо "Дела реза хийла олу [Кадыров] Рамзанна". 

Ур-аттала Кадыровн Фондо шен чоьтах муьлхха а акциш хIиттийнехь а, иза гIоьналлин акци яц, аьлла хета "Кавказан къаьмний Ассамблейн" куьйгалхочунна, юкъараллин гIуллакххочунна Кутаев Русланна. 

"Оцу фондехь гулдеш долу дерриг ахча нуьцкъаха нахера схьадоккхуш ду, ницкъахойн, хьехархойн, тайп-тайпанчу бюджетан белхахойн алапашна тIера сецош ду. Цо муьлхха гIишло йоттахь а – иза нехан чоьтах юттуш ю", - аьлла Кутаевс редакцица хиллачу къамелехь.

2018-чу шарахь Кавказ.Реалиино тIечIагIдира, Кадыров Ахьмадан фондо шена тIеяздина хилар къора а, бIаьрса ледара долчарна а лерина интернатан корпусаш йоттар, иштта Пионерское эвлахь 120 охьахуу меттиг болу школа а. Ма-дарра аьлча, и белхаш бинера бюджетан чоьтах, пачхьалкххан цIарах оьшург оьцучу сайтехула.

Йоьттинчу хьукматийн гIишлошна оьшу гIирс Кадыровн фондо оьцу, бохуш сих-сиха дIахьедо меттигерчу зорбанаша. Иштта, фондана тIебазбира кху шеран юьххьехь пехашка садоIуьйту гIирс. Амма бюджетера 1,48 миллион сом а делла эцна бара иза. Кадыров Айманин цIарах йолу ненан а, беран а могушалла Iалашъечу клиникан центрна "совгIатна кхечира" фондера кардиотокографин стерилизатор, операци еш охьавуьллу стол, маьнгеш. Беза мах болу охьа багарбина гIирс богIу 119,2 миллион соьмана Нохчийчуьрчу могушалла Iалашъяран комитетан пачхьалкхан цIарах эцначу гIирсан тептарца.

***

"Глобалан Магнитскийн актан" буха тIехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептарехь ю Кадыровн цIарах фонд. Организаци масийттазза бехкейира, бюджетан белхахошка бертаза фонде ахчанаш дохкуьйту бохуш, амма Кадыровс бехкаш тIе ца лоцу. Иштта зорбанан гIирсаша хаамбора, фонде ахчанаш дахкар а, ахчанаш дайъар а цIена дац бохуш, Кадыров Рамзанан "альтернативе казна" ю а олуш.

Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо 2021-чу шарахь деклараци йира, ша ахча ца даьккхина, аьлла. Урхалхоша бахарехь, 2019-чу шарахь фондана 6 млрд соьманна сагIина ахча делла (цул хьалха 2,2 млрд), амма тIаьххьарчу шина шарахь ша ахча ца даьккхина, бохуш яздо цо. Фондо шех лаьцна бийцинчу хаамашца, цо шена оьшучу гIуллакхашна ахча дайъина а дац. ЧухIоттийна чот коммерцин йоцучу организацина гергахь "тамашена" ю аьлла эксперташа.

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

Уборка «Воды России» на краю земли



Жизнь

Работник СЛД «Чита» филиала «Забайкальский» ООО «ЛокоТех-Сервис» принял участие в экологической акции по очистке берега и дна озера Кенон






Новости 24 часа

За один день работники Уссурийского ЛРЗ и их дети выполнили сменно-суточное задание по ремонту 129 паровозиков



Game News

Ubisoft adds another studio to what seems like an increasingly desperate effort to finally get Prince of Persia: The Sands of Time Remake finished



Москва

В Твери прошла конференции по торгово-экономическому сотрудничеству Верхневолжья и провинции Ляонин



News Every Day

England vs Bosnia & Herzegovina: Three Lions face Dzeko and Co in Euro 2024 warm-up match – stream FREE, TV, team news



Интернет

Новый цвет и знакомый звук: игровая гарнитура GR270 от Bloody



Москва

Красногорский ЖК «Тетрис» признан «Новостройкой Подмосковья № 1»



Анастасия Волочкова

Волочкова заявила, что введение дресс-кода для артистов вызовет обратный эффект



Москва

Московская городская Дума утвердила дату выборов депутатов восьмого созыва



ATP

Янник Синнер высказался о первом месте в рейтинге ATP и травме Новака Джоковича



Москва

За один день работники Уссурийского ЛРЗ и их дети выполнили сменно-суточное задание по ремонту 129 паровозиков



Арцах

ГЕРОИЧЕСКОЕ УЧАСТИЕ АРМЯН В СВО. ЧАСТЬ ЧЕТВЕРТАЯ



Симферополь

Духовно-краеведческое посвящение «Он жизнь измерял только сердцем одним - Войно-Ясенецкий»



Москва

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: С начала года более 4,7 тысячи жителей Московского региона оформили страховую пенсию в автоматическом режиме на портале госуслуг



Москва

Собянин объявил о начале работы хаба молодежного предпринимательства



Москва

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Свыше 5,2 миллиона жителей Московского региона получают набор социальных услуг в натуральном виде



103news.com — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 103news.com.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.

Другие популярные новости дня сегодня


Новости 24/7 Все города России





Топ 10 новостей последнего часа




Новости России

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Свыше 5,2 миллиона жителей Московского региона получают набор социальных услуг в натуральном виде

Мосгордума одобрила закон о штрафах за неуплату проезда по платным дорогам

Пушинка из Космоса спасёт либо снесёт США? Научные важные данные. Проект «Святой Ленин».

Собянин: На Арбате после реставрации открывается мемориальная квартира Пушкина


Москва

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: С начала года более 4,7 тысячи жителей Московского региона оформили страховую пенсию в автоматическом режиме на портале госуслуг






Rss.plus

Пушинка из Космоса спасёт либо снесёт США? Научные важные данные. Проект «Святой Ленин».

За один день работники Уссурийского ЛРЗ и их дети выполнили сменно-суточное задание по ремонту 129 паровозиков

"Святой Ленин" спасает мир и возглавляет "восстание ИИ машин... хороших по существу". 8 серия, СЕРЬЁЗНЫЕ НОВОСТИ.

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Свыше 5,2 миллиона жителей Московского региона получают набор социальных услуг в натуральном виде

Moscow.media
Москва

Неделя мэра: парад кадетского движения Москвы, госнаграда и открытие пешеходной галереи



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Анастасия Волочкова

Волочкова про дочь: «В семье Вдовина она не может быть любимым ребенком. Там сложные отношения»




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Педагоги школы №2065 вошли в ТОП-5 лучших туристских команд Москвы

Юные тулячки завоевали серебро и бронзу турнира по синхронному плаванию

Спортсменка Росгвардии установила рекорд в командном спринте на «Гран-при Санкт-Петербурга»


Ролан Гаррос

Джокович снялся с Открытого чемпионата Франции по теннису



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Свыше 2,2 тыс. случаев коронавируса выявили в столице за неделю



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России