Лоьрийн кхачам болчу регионийн рейтингехь тIаьххьарчех ю Нохчийчоь
Пачхьалкхан, муниципалан лоьрийн хьукматашкахь лоьрийн кхачам болчу оьрсийн регионийн рейтингехь чакхенгара схьа кхоалгIачу меттехь* ю Нохчийчоь. 10 эзар бахархошлахь нислуш болчу лоьрийн терахь ду тидаме эцнарг. Хьал чолхе долчу топ-10 регионашна юкъанисбелла Роставан мохк а.
Товбеца-баттахь долчу зерашца юккъерчу барамехь 10 эзар оьрсашна юкъахь 40 лор нисло, дуьйцу хьукматашна юкъарчу хаамийн-статистикан цхьаалин системехь Оьрсичоьнан могушалла Iалашъяран министралло. Къилбаседа Кавказан дукхачу регионашкахь и барам дикка лахара бу.
Иштта, Нохчийчохь 10 эзар бахархошлахь 27 лор нисло. Цул а галдаьлла хьал Курганан, Пскован мехкашкахь ду. Ростован кIошто чакхенгара схьа уьссалгIа меттиг яьккхина – кхузахь 10 эзар бахархошлахь 31 лор ву.
Краснодаран махкахь, Адыгейхь 32 лор ву оцу барамна, Ставрополан махкахь, Дагестанехь – 34, Волгоградан махкахь, Кхарачойн-Чергзийчохь – 38, ГIебарта-Балкхаройчохь – 39.
Оьрсийчоьнан Къилбехь лоьрийн кхачаман барам уггара лекхара бу Астраханан махкахь (10 эзар бахархошлахь 49 лор), иштта ГIалмакххойчохь (43 лор).
Къилбаседа Кавказехь дIаяьхьначу терапевтийн форумехь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна "Авиценна" мидал елира, могушалла Iалашъярехь а, лоьрийн Iилманаш кхиорехь а доккха дакъа лацарна. СовгIат дIакхачийра хьаькамна тераптевтийн Iилманан а, медицинан а Оьрсийчоьнан юкъараллин куьйгалхочо, РАН-ан академико Мартынов Анатолийс а, Оьрсийчоьанн Юккъерчу федералан гонийн пульмонолога Малявин Андрейс.
Берийн кхалхарш алсам долчу Оьрсийн регионашкахь хьалхарчу меттехь ю Нохчийн республика. ШолгIачу, кхоалгIачу меттехь ГIалгIайчоь, Дагестан нисъелла. И хаамаш хьахийра Владивостокерчу Малхбаленан экономикан форумехь.
2021-чу шеран дечкен-баттера лахьан-батте кхачалц долчу хаамашца, шо кхачанза долчу берийн кхалхарехь уггара лакхара терахь долчу регионийн декъе нисъелира Дагестан, Ростован а, Краснодаран а мехкаш.
Дайначу шеран аьхка Оьрсийчоьнан премьер-министро Мишустин Михаило тIелецира, 2010-чу шарахь дуьйна кхочушъеш йолу Къилбаседа Кавказера социалан-экономикан кхиоран программа ледара эвсаралла йолуш хилар. Бахьанех цхьаъ регионехь берийн кхалхаран терахь лекхара хилар ду, аьлла цо.
*Официалера оьрсийн статитико Оьрсийчоьно аннекси йина йолу ГIирма а юкъалоцу.