Тюменехь лаьцна "Рамзан Ахматович Кадыров къу, чалтач, Оьрсийчоьнан эхь ду" аьлла плакатца пикете ваьлларг
ГIалин коьртачу майдана воьдура иза, амма дIа ца кхечира, йаздо "Осторожно, новости" телеграм-канало, тергамчашна тIетевжина.
Бакъоларйаран органийн белхахоша къастош бу, мича бахьанашца дина хIума ду и, билгалдоккху 72.ru хьасто. Комментарий йала духьал хилира меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин декъехь.
Санкт-Петербургехь гIадужу-баттахь лецира 18 шо долу Кузьмин Дмитрий, цхьааллин пикете ваьллера иза "Маьршаваккха Журавель Никита. Кадыров -чалтач ву" аьллачу плакатца.
Волгоградхо Журавель Никита лецира КъорIан дагорна бехкевина. Шен кIанта Адама цунна йетташ йаьккхина видео йаржийра Кадыров Рамзана. Шен кIанта динчух дозалла до ша элира цо.