Добавить новость
World News in Chechen

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Кадыровн кочалла: цамгарх а, валарх а къамелаш стенна долийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо

Шен могушаллех лаьцна гонаха хезочу къамелийн йуха а тергойина Кадыров Рамзана, цо дIахьедина, шена Дала дуьненчохь йаккха йеллачу хенал а тIехвер вац ша аьлла. ХIора стаг а ву лийр волуш бохура цо. Цо дарж дита тарло, цуьнан могушалла кхин тIе а эшна йогIу бохуш, кеп-кепара хабарш хезош, социалан машанашкахь кIоргера чулацам болу посташ хIитточу йукъанна, эксперташа дийцаредо, Нохчийчоьнан урхалхочун дIахьедаршна бухахь хIун ду-те бохуш.

Стигалкъекъа-беттан 26-чу дийнахь Кадыровн социалан машанашкахь гучуйелира философийн кепехь йазйина цамгарх а, Iожаллех а лаьцна пост. Роликехь мукъам бара балийна, дикторан озаца элира: "Суна кест-кеста хабарш хеза со могуш вац бохуш. Со леш ву боху, сан йисина хан кIезиг йу а боху… Нагахь санна, 50, 60 йа 70 шарахь ваха суна йаздинехь, со вехар ву. Соьгара цхьа де а дIадоккхур дац цхьаммо а".

Кадыровн цамгарх лаьцна дуьйцурш "дозанал арахьара дехкий" ду бохура. Циггахь, видео бухарчу йозанехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхайкхамбира шен аудиторига шайн дахар "диканах, догцIеналлех, деллачунна тIалам беш" дуьзна хилийта аьлла. Шегарчу хьолех лаьцна а, цамгарх лаьцна а, Iедалехь ша висинчу заманчохь кхин дIа хиндолчух а кхин хIара ду аьлла хIума а ца элира Кадыровс.

И "шатайпа" пост, Нохчийчоьнан куьйгалхочо социалан машанашкахь кхечу публикацешца йуьстича, кхечарна кхета ца деллачух а кхеттачу цхьана хьекъалхочун васт кхолла гӀертар ду. Иштта хета Оьрсийчуьра йоккхачу бакъонашларъяран организацин зорбанан сервисан куьйгалхо хиллачунна. Оха кхерамазаллин бахьанашца ца йоккху къамел динчун а, проектан а цӀе.

"Цхьана керлачу тIегIане кхача лууш ву Кадыров, гIеметтахIоьттинчу, лараме волчу стеган. Иза-м дешна воцу Iазапхо ваций, дуьне а, дахар а девзина стаг вуй. И сурт а кхин башха ледара дацара – лаьттахула воьдура иза гIарчI аьлла. И текст а ловзойаьккхира – цамгар, Iожалла, Дала делларг тIеэца кхетам хилар аьлла. Амма бакъду, цхьа а ца тешийра цо. Кхечу стеган озаца и къамел хазорна, йа цхьа тамашен керла кеп хиларна а дац иза. Цу видео тIехь цхьа а факт йац, зевне дешнаш ду дахарх а, Iожаллех а лаьцна, "дозанал арахьа бехачу" нахана хьажийна. Цуьнца дерриг а талхадо: "Со онда а, хьекъале а стаг ву, амма хIетте а ойла йина ца волу со шун, декъазчу, пайдабоцчу, со шайн бIаьргаван ца везачу, йамартчу", - боху къамелдечо.

Эксперто иштта тидам тӀебахийтира, "вайн баккхийчарна йа башха могуш боцучу" куьйгалхошна йукъахь цамгарийн тема муха "йуьйцуш хуьлу": "Путин тIах аьлла ву, ботокс йойту цо - ткъа вуьшта а иза-м чана тIехиъна стаг ву. Кадыров коча лелаш ву: могуш вац, йа могуш ву, цуьнца Дела ву, ткъа кхузахь эла ву иза. Къаналла а, гIорасизалла а тӀеэца атта дац, къаьсттина оцу тайпана нахана. Оцу ца хилча йиш йоцчу хIуманна кIелхьара мила муха вер ву-те бохуш, ладегIар бен дац вайн карахь".

Цамгар тIе ца лоцуш хIиттийна суьрташДуьххьара дац Кадыровс шен цамгарх лаьцна баьржинчу хаамех лаьцна жоьпаш лун. 2019-чу шарахь дийца долийра болх бан а гунахь воцчу хьолехь ву иза бохуш – масийттаза садоIуш чохь сецира Нохчийчоьнан куьйгалхо. ХIетахь политологашна а, нохчийн оппозиционерашна а кхин башха лаца хIума ца карийра оцу хаамехь, хIунда аьлча, официалан кехаташ тIехь иза стандарте кеп йу.

2020-чу шарахь пачхьалкъан зорбанан гIирсаша хаамбира, мехкан урхалхо дарбанан цIийне охьавиллина коронавирус хьакхайелла аьлла. Кадыровс и бакъ ца дира, ткъа цуьнан куьйгакIелберш къар ца лора, иза могуш воцуш хилла боху хабарш "даржийнарш цуьнан мостагIий бу" бохуш.

Нохчийчоьнан куьйгалхо лечу хьолехь ву, цундела дарж охьадилла тарло цо бохуш, кара-кара оьцуш даржийра 2023-чу шарахь, тахана а саццанза дуьйцуш ду цунах лаьцна. ХӀетахь дозанал арахьарчу Ичкерин Ӏедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада а, иштта нохчийн жигархоша а хаамбира, Кадыров жаннашца бала хьоьгуш ву аьлла. Цунна тоьшалла дора, масала, чIогIа йуьхь йистина иза хиларо а. Немцойн Bild зорбанан гӀирсо йаздарехь, Абу-Дабира нефролог а цхьана веана бохура цунна дарба дан.

Кадыровс дерриг а харцдора: ша "могуш, гIора долуш ву" бохуш, дуьххьалдIа баьхна ца Iаш, гойтура цо ша спортзалехь а, куьйгаш тIехь "отжиманеш" йора камерашна хьалха, йеза машен тоьттуш гойтура, шен куьйгакIел болчу нахаца спарринге волура. ТIаьххьара тренировка йина цо ахшо хьалха, 2024-чу шеран лахьан-баттахь.

2023-чу шеран гезгамашин-баттахь хиира Кадыров Москвахь дарбанан цIийне охьавиллина хиларх лаьцна. "Новая Газетин" хаамца, цуьнгара хьал хийцаделла хиллера "Дормикум" олучу транквилизаторан барам совбаккхарна. Кадыровн цамгар йу бохура цара - зорхан йекхоьнан некроз.

"Эхо Москвы" радиостанцин коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс йовзийтинчу версица, Кадыров жаннашца чолхе лазар долуш ву. Ткъа нохчийн Iедалхоша республикан куьйгалхо дарбанан хIусаме охьавиллар къайладаьхьира, цуьнан деваша вара лазартнехь дарба дойтуш, цунна тIехIотта вахана вара иза бохуш. Кремло дуьхьало йира долчу хьолах лаьцна комментарий йала.

Цул тIаьхьа ши шо даьлча а Кадыровн могушаллех лаьцна хабарш совцуш дац. Цунна бахьанаш тайп-тайпана хуьлура: Путинца цхьанакхетар хиллачу заманчохь мехкан урхалхочо даккхийчу элпашца йаздинчу кехата тIера дIадешар, куьйгаш дегош хилар, са ца деIадалар, дIасауьду хьажар, йеххачу заманчохь гучу ца валар. Кадыровн къамелаца хийцам хиларо а дийца хIума доккхура.

Ша цомгаш хиларх мукIарло ца дира цо, амма стохка марсхьокху-баттахь цо дIахьедира, хIора кхоккха бутт мел болу "капремонт" йойту ша, ткъа хIора ахшо мел долу "йоккхачу ремонтах" чекхволу ша аьлла. Стенна йойтуш йу и "ремонт", Кадыровс ца дийцира. Д витамин тIе ца тоарца бен кхин сингатам бац шеца аьлла, чIагIдора цо.

Кху шеран стигалкъекъа-беттан йуьххьехь Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедира Iедалхошна муьтIахьчу зорбанан гIирсе, ша "даржах мукъавоккхур ву" аьлла, дегайовхо йу шен бохуш.

"Ца йаздеш хIун дуьту. Со, мелхо а, дехарш деш ву, даржах паргIат ваккхахьара суо бохуш. Кхечун шен инициативаш, шен хьежамаш хир бу. Сайн дехар кхочушдийр ду аьлла, тешна ву со", - бохура Кадыровс "Чечня Сегодня" агенталле.

ТIаьхьо дIахьедира цо, шех нийса ца кхеттера, оцу кепара сацам шеггара тIеэца бакъо йац шен – и сацам "коьрта буьйрадечо" бан безаш бу. Дукха ца Iаш Москвахь цхьанакхетар хилира цу шиннан – Кадыровс щегара дарж а хIинца а охьадилланза ду

Хила тарлун верасБIостане хаамаш хиллехь а, официалан информаци йацахь а, нохчийн оппозицин Niyso боламехь берш тешна бу, Кадыров Рамзанан могушалла де дийне телхина йогIуш хиларх.

"Тхан хьасташа а цхьаьна бакъдеш ду и. Цхьа наггахь нахана йукъавалар доцург, тIаьххьарчу шина беттачохь Кадыровс дакъалаьцна дац официалан баккхийчу барамашкахь. ТIаьххьара цуьнан дакъалацар нисделира Iазапе акцица доьзна – кху шеран охан-бутт йуккъе баьллачу хенахь дара и, тхан жигархойн гергара нах махках бохуш. Цундела догтешна олийла ду тхан, цуьнан могушаллица долу хьал ледара ду, цунна кхин хуьлуш гIоле а йац", - бохура организацин векало Дишни Ансара.

Баккхий болу вежарий хIунда бац, Адам къастор хIун ду?Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналера публикацешка хьаьжча, тIаьххьарчу заманчохь цуьнан самукъадолу говраш хохкучохь, шен бераша доьшучу школехь хIитточу барамашкахь, шен резиденцин кертахь тIеман техника гойтуш, гIишлошйаран майданашкахь а.

Кадыровн могушалла эшна йогIуш хиларца доьзна, "Нохчийчуьра Iедал муха хуьйцур ду" дийцаредар жигара даьккхина бохуш, халхо дийцира "Новая газета Европа" хьасто. Шен метта вита дагахь мехкан урхалхочо тидаме верзийна шен кхоалгIа кIант, 17 шо долу Адам. Хаамийн гIирсо гойту республикан кхерамазаллин блок цунна гонаха тIегулйар (карарчу хенахь цо шен тергонехь латтош йу Нохчийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министралла а, "спецназан университет" а, нохчийн ши батальон а). Чукхачон ахча а кхиазхочунна тIейаздо, цуьнан кортеж а кхин къаьсташ йац Кадыров Рамзан дIасалелочух.

Дегара Iедалан мукъ цуьнан кIанте бала кечлуш хиларх тешна ву Оьрсийчоьнан политолог Дубровский Дмитрий а.

"Кхиъна далаза бер ду шен метта кечдеш, ишта хIума лелош ду авторитаран раж лелочу куьйгалхошлахь. Деза дуккха а совгIаташ дира Адамна, кеп-кепара официалан позицешка а кхачийра иза, вокх-воккхуш мехкан куьйгалле ваккха. Оцу кандидатурина реза бу Кремлехь берш а, хIунда аьлча, кхин альтернатива йац. Оцу кепара харжам цара цкъа бина ма бу, Кадыров Ахьмад вийначул тIаьхьа президент хIоттийра цуьнан кIант Рамзан. Ткъа хIунда бац буьйцуш баккхий болу вежарий? Тарло кхерамечу гIуллакхе гIорта Кадыров Рамзанна ца лууш хила. Шен верас воккхахаверг хIоттор вара цо, дарже хIотточу ханна а мел а герга вара иза. Ткъа кхузахь жимахверг, уггар а хьоме ву, ловзоргех левзина ваьлла а вац", - дийцира политолого.

Цо бохучунна тIе ца тайра Niyso боламан векалш. Жигархошна хетарехь, дуьйцург цхьана тайпанан гурашкахь Iедал дIадалар дац, буьйцург Москван сацам бу.

"Йолчу жигараллица а, контакташца а дуьстича, ханна йа гуттаренна а цуьнан метта хIоттон дагахь вийцаревечух тера ду Нохчийчоьнан премьер-министр Даудов Мохьмад. Цкъачунна харжа тарлучех цхьаъ ву иза", - аьлла хета Дишнина.

Цунна хетарехь, Кадыровс хийцарца цхьацца долчу хIуманашца "кIедалла" лелор йу, Рамзанан имиджах дIа а хервелла, ша мел а "кIеда-мерза" ву аьлла, дIагайта Iалашонца. Делахь а, структура а, Iедалан гIуллакхан дух а хьалхалерра дуьсур ду. Билггал хийцамаш хила тарлора Москвара политикан хьал хийцаделча – масала, Путин куьйгаллера дIаваьлча, дерзийра къамел Niyso боламан векало.

2025-чу шеран охан-беттан зерашца, Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а Iедалехь а, ницкъаллин структурашкахь а лаккхарчу даржашкахь белхаш беш ву Кадыров Рамзанан 67 гергара стаг. Иза а цуьнан чоьхьара гергара нах бу – шичой, маьхчой, йижарийн, вешин бераш ду. Ишта мехкан куьйгалхочун хIусамненан Кадырова Медни гергара нах а бу. И хаамаш йиллинчу хьасташкара бу.Тептарехь бац Кадыров Рамзанан йоьIарий. Йоккхаха йолу – 26 шо долу Iайшат даржера дIайаларх дийца даьккхира чиллан-бутт бовш. Цо ша дIахьедира, мехкан вице-премьеран дарж охьадуьллу ша, иза "боьршачу стагехь товш ду", тIейогIучу заманчохь шен Firdaws модин цIа лелон дагахь йу ша аьлла. Ткъа цул тIаьхьа 12 де даьлча "Нохчийн минералан хиш" компанин долахо хилира Iайшатах.17 шо долу Кадыров Адам хӀинцале а масех даржехь ву: шен ден кхерамазаллин сервисан куьйгалхо ву иза (оццу даржехь ша Кадыров Рамзан а вара, ша Ӏедале валлалц). Нохчийчоьнан кхерамазаллин кхеташонан секретарь а ву Адам, мехкан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан Ӏуналла деш а ву, Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" а, Нохчийчохь кхоьллинчу Бенойн БойсагIаран а, Шейх Мансуран а батальонийн куратор а иза ву. Цул совнаха, Адаман ду мел лаххара а 16 совгӀат, масала, ГIезалойчоьнна а, Кхарачойн-Чергазийчоьнна а, ГӀебарта-Балкхаройчоьнна а хьалха динчу гIуллакхашна йелла орденаш а, "Оьрсийчоьнан къинхьегаман доьналла" мидал а, "Нохчийчоьнан турпалхо" аьлла седа а белла цунна. Царех цхьадолу совгIаташ кхачон дина хIума а дацара цо, йа уьш дала хан йолуш а.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media









103news.com — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 103news.com.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.

Другие популярные новости дня сегодня


Новости 24/7 Все города России



Топ 10 новостей последнего часа



Rss.plus


Новости России







Rss.plus
Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России