Добавить новость
World News in Chechen



Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Шейхаш кхийкхар а, суфийн цхьа aгIo a: Нохчийчуьра динан политика

ТIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчохь жигара кхуьуш ду динан Iилма, и хаало цхьа могlа хьуьжарш схьайаоьллуш хиларца а, махка гоьбевлла динан Iилманчаш кхуьйкхуш хиларца а. Делахь а, оцу гIуллакхна тIехьа, муфтиято а, lедало а бечу Iаткъамца доьзна, мел а чолхе политикан а, социалан а аспекташ йу. Цу хьоло кеп-кепара чулацам болу жамlаш стенна кхолладолуьйту экспертийн а, динан гlуллакх дечу нехан а, дуьйцу тхан редакцин материалехь.

Динан Iилманан системаЙукъах ца доккхуш бусалба динан Iилма Iамош, цхьаъ бен йоцу шуьйра система йу болх беш Нохчийчохь, кхаа тIегIехь йовзийтина. Хьафизийн 9 школа йу, цигахь доьшуш ду 770 бер; 43 эзар бер ду хьуьжаршка лелаш – уьш йу махкахь 430, амма оцу йукъанна 18 бен йац шайн лицензи йолуш. Доккхаха долу дакъа – маьждигийн тховкIелара мектебаш олу школаш йу; лаккхара ши доьшийла а йу Нохчийчохь – Оьрсийчоьнан Кунта-Хьаьжин цIарах йолу исламан университет (РИУ) а, Куьрчалара исламан институт (КИИ) а, цигахь Iилма карадерзош ву йукъарчу барамехь аьлча 600 студент.

Хьафизийн школехь дешар бохург ду, бераш могIара школе ца лелар, тӀаьхьо йукъарчу дешаран программина тӀаьхьакхиа гӀерта уьш, цуо кху заманан предметаш Ӏаморна дикка тӀеӀаткъам ца бан йиш йац царна. Хьафизийн дешар кхаа шарахь Iамадо, дукхахьолахь 7 шарера 12 шаре кхаччалц долу бераш ду цига деша дIаоьцурш. Коьртачу декъана школехь йолчу интернатехь Iаш хуьлу уьш - мукъаденошкахь йа каникулашкахь бен цӀа баха бакъо йац церан, цхьана шарахь диъ кӀиранах.

Берашна марзделла доцчу хьелашкахь дIахьош ду дешар: кхоалгIачух ах даьлча гIовтта декхаре хуьлу уьш Iуьйра ламазна, ткъа дешар дIадоладо Iуьйранна йалхолгIачух ах даьлча. КъорIан Iамадо йукъарчу барамехь аьлча, дийнахь бархI сахьтехь. Билгалдаккха догIу, бераша КъорIан хууш Iарбойн мотт а боцуш Iамош хилар – дукха хьолахь школера дешна бевллачул тIаьхьа Iамабо цара мотт.

Хьуьжарехь Iамадо КъорIан, Iарбойн мотт, шариIатан бакъо, кхин долу динан Iилманаш а. Хьафизийн школашка хьаьжча, цига деша хьийсадо муьлхха а бераш, церан хене а ца хьоьжуш.

Шен билгалонашца йоллу хьуьжарш тайп-тайпана йу: масех иттанашкара 500 гергга дешархо вовшахтуху цара Соьлжа-ГIалахь. Оцу декъана лерина 429 хьехархо а ву.

Республикехь дог ца лета доларчу хьуьжарех, уьш Нохчийчуьра Динан урхаллин тергонехь йац. 2024-чу шарахь гIоьртира долара школаш дIакъовла, йа уьш йерриш а муфтиятан контроле эца.

Боллу шейхаш вай долчухь хьошалгIахь хир буИсламан лакхарчу доьшийлашка кхуьйкху бусалба дуьненан кеп-кепарчу мехкашкара хьехархой – Урдунера, Малайзера, Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкара, СаIуда Iаьрбийчуьра, Шемара, Мисарара.

Масала, стигалкъекъа-беттан 10-чохь Соьлжа-ГIалара ШахIидийн цIарахчу хьуьжарехь дIайаьхьира "НузхIату Анназари фи ТовдихIи Нухбату Фикр" книги тIера Iилманца хьалхара урок. Шейхо Исам Ат-Тунисис довзийтира и хаарш.

ШолгIачу дийнахь Соьлжа-ГIала веара Исламан Йукъараллин Организацин (ОИС) Коьрта секретарь Хьусейн ИбрахIим ТIахIа.

Цунна тӀаьхьа республикехь тIеийцира шейх Яхья Аль-ГIавсани. Хиллачу цхьанакхетарехь шина а агӀоно дийцаре дира Нохчийчохь бусулба дешар кхиорах лаьтта хаттарш. Шайх Аль-ГIавсанис билгалдаьккхира Нохчийчоьно исламан Ӏилма Ӏалашдарехь а, даржорехь а боккха кхиамаш баьхна хилар.

ХIеттахь, стигалкъекъа-баттахь исламан экономикехула динан Iилманча волу Мухьаммад ТIаки Iусмани веара Нохчийчу, иза ву исламан юриспруденцин, экономикан, хьадисан а, тасаввуфан Iилманан а къобалвина эксперт. "Исламан финансийн системех" лаьцна лекци йийшира цо Нохчийн Пачхьалкхан Университетехь.

Товбеца-баттахь йуха а Соьлжа-ГIала цхьа могIа лекцеш йеша валийра шейх Яхья Ал-ГIавсани.

Нохчийчоьнан муфтийс ша а дIахьо Iилманан гIуллакхаш. Межиев Салахьан цхьаьнакхетарг хуьлу меттигерчу кху заманан Iилма карадерзочу дешархошца, царна лекцеш йоьшу цо, масала, бусалба нехан дахарехь Мархийн беттан маьIнех лаьцна.

Къилбаседа Кавказера бусалба нехан Координацин центран коьрте иза хIоттийначул тIаьхьа, шен цIарах лелла ца Iаш, иза лела йоллу регионан цIарах.

ТIаьххьарчу шарахь нохчийн муфтий имам аш-Шафих лаьцна кечйнчу диссертацих чекхваьлла, исламан Фикха Iилманийн кандидат аьлла цIе йелла цунна, цо дакъалецира Къаирехь хIора шарахь дIахьочу йукъараллийн Коьрта кхеташонан а, фетвийн органийн а форумехь дакъа а лецира цо.

"МуьтIахь йолу тIаьхье" кхиорМежиев муфтий хилла ца Ӏаш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча а хиларо ойла йуьту иза пачхьалкхан гӀуллакххо ву, динан гӀуллакххо а воцуш аьлла. Ишта билгалдаьккхира редакцица хиллачу къамелехь Нохчийчуьра цхьахдолчу маьждиган имамех цхьаммо, шен цӀе къайлайахьа лиира цунна. Муфтиятан а, Кадыровн а доттагӀаллин йукъаметтигаш тидаме эцча, гуш ду цуьнца динан хаттаршкахь девне вала цхьа а ваьхьар воцийла, бохуш кхин дӀа а дуьйцу къамелхочо.

"Хьуьжаршкахь а, лакхарчу доьшийлашкахь а хьехамаш цхьана агIор беш хиларо, республикехь шогачу кепехь жигара довзуьйту суфизм Iилма доцург кхин а хиларх лаьцна болчу дешархойн кхетамна доза туху. Интернет бахьана долуш тахана дуьне доза доцуш доккха ду, кегийрхошна хала ду кхетон, суфизман позицешкахь воцчун хьехамаш богIуш цахиларх. Цо конфликт кхуллу къоначу студентан коьрта чохь", - аьлла хета имамна.

Оцу агӀор хьаьжча, шайхаш республике кхийкхар дикачу агIор бен тӀеэца йиш йац – коьртаниг, шайна хаа луучу хеттаршна жоьпаш хила дешархойн таро хилар ду, дерзийра цо.

Иштта ю церан Iалашо. Нохчийн "Ӏеламнехан" муьтӀахь чкъор кхиор.

Динан лаккхара Iилма карадерзийначу, Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан йукъархочунна Музаев Сайханна, мелхо а, хIуммаъ а диканиг ца го цуьнца, хIунда аьлча, муфтиятан нохчийн структурехула, цунна хетарехь, "тIетаьIIина къам Iехош ду".

"Цара и "шайхаш" тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара схьакхуьйлу цхьа Ӏалашо йолуш - халкъана йукъахь шайн позици чӀагӀъйан. Хьовсал, тхан "курс" дерриг а исламан дуьнено къобал йеш йу ала. Ма-дарра аьлча, хьо дикка хьаьжча, тIекхуьу хьо, и шайхаш, Нохчийчохь тIеоьцурш а санна, "Ӏедалан агӀончаш" хиларна. Кхин цхьа хIума а ду церан йукъара, уьш берриш а Iашариташ бу. И церан Iалашо йу. МуьтIахь болу нохчийн "Iеламнах" кхиор. Кхечу агIор болу кхетам Делан цIарах йемалбийр болуш бу цара", - билгалдоккху Музаевс.

Нохчийн цхьана политологна, махкара лакхарчу доьшийлан хьехархочунна хетарехь, шен могушалла эшна йогIуш йоллушехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо шен ма-хуьллу дIагайта хьийза шен йукъараллин-политикан а, болх баран а жигаралла хьалха хиллачу тIегIанехь йу аьлла. Арахьарчу политикехь а жигаралла гайта хьийза иза ишта.

"Арахьарчу политикехь цо дакъалоцуш ду бохуш, сурт хIиттадо цунна Гергарчу Малхбалера Iарбойн пачхьалкхашкара "статусехь" болчу хьешаша. Кадыров Рамзанан пропагандо церан зиярташ гойту дуьненаюкъарчу тӀегӀанехь шен "авторитет а, Ӏаткъам а" тӀечӀагӀбар санна. ДегIан гIора эшна гучу Кадыровн таро йац ша дIаваьллачул тIаьхьа шен боккхачу доьзалан кхане кхерамзе хилийта. Тамаш бу-кх, церан синтеме а, ирсе а кхане цунна Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а гахь. Ткъа цуьнан цу кепара ойла хилийта а тоъал бахьанаш ду", - аьлла, дерзийра шен къамел политолого.

Iедалхошна муьтIахь йолчу муфтиятийн структураш Къилбседа Кавказан кеп-кепарчу регионашкахь къаьсташ йу. Тхан редакцино хеттарш динчу эксперташа дийцарехь, Нохчийчуьра Динан урхалла йерриг а Кадыровс лелош йу.Цхьадолчу хьелашкахь нохчийн муфтийн амалш ма-йарра бусалба динна дуьхьал хуьлу: масала, Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа къобалдира 19 шо долчу оппозицин 1ADAT телеграм-каналан модераторна Тепсуркаев Салманна ницкъбар. Камера хьалха дIа а хIоттийна, ангалин шишана тӀе хаийтира иза, къурд а олуьйтуш. "И хӀума динарг милла велахь а, шен ненан а, йишин а, зудчун а лазийначу сийн чӀир эцна цо", - дIахьедира хӀетахь республикин муфтийс.Нохчашлахь бусалба дин даржа доладелира 15-16-чу бIешерашкахь. Делах тешачу нохчаша лелош ду суннитийн дин - шина мазхӀабан - Накъшбандин а, Къадирин а суфистийн хьехамаш алсам болуш. Жигара суфизм лардойту Нохчийчохь, ткъа мел а радикале лоручу салафизмаца болчарна тIаьхьабуьйлу. Республикехь кхо бӀе гергга динан суфийн тайпанаш (шина тӀарикъатана юкъара - Накъшбандий а, Къадирий а), йа вирдаш ду. Билгалдаккхарца и вежараллаш цхьатерра делахь а, республикан Ӏедалша дӀакхайкхийна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан волчу Шейх Кунта-Хьаьжин мурдийн вирд коьрта хилар.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media









103news.com — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 103news.com.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.

Другие популярные новости дня сегодня


Новости 24/7 Все города России



Топ 10 новостей последнего часа



Rss.plus


Новости России







Rss.plus
Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России