Нохчийн тIемалойн гергарчарна жоп дитина "Новая газето"
ТIемалойн гергарчу нахана деллачу жоьпехь Сокирянскаяс чIагIо йо, шен артиклехь цхьа дош харц цахиларх.
"Бинчу талламан цхьа дакъа сайн публикацехь билгалдаьккхина ас. И дерриг а 40 тIемалойх биссинчу зударшца а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а бехачу тIемалой лаьттинчийн хIусамнаношца а хиллачу къамела тIехь бина таллам бу. Цул сов, регионерчу хьолах дуккха а шерашкахь латтийначу мониторингех пайда а эцна", - яздо Сокирянскаяс.
Цо бахарехь, цуьнан белхан Iалашо яра, Iедалан а, юкъараллан а терго оцу бисинчу зударшна а, берашна а тIеозо, дIахаийтар, царна гIортор а, тидам а, социалан-психологин адаптаци а оьшийла.
Дагадоуьйту, Нохчийчохь бехачу гIаттамхойн гергарчара кехат дахьийтинера "Новая газетан" коьртачу редакторан Муратов Дмитрийн цIарах, церан газетана неIалт а кхайкхош, официалехь шаьш Iорадаьккхинарг харц а деш, къинтIера даха шаьш аьлла.
Кехатан авторшна новкъаеанера, бакъонашларъярхочо Сокирянская Екатеринас "Наш папа в плену" (Тхан дада йийсарехь ву) аьлла, зорбане яьккхина артикл. Цу тIехь цо йовзийтира байинчу тIемалойн, йа террорхойн вовшахтохараллин декъашхойн бисинчу хIусамнанойн а, гергарчийн а истореш а, Iедалан а, ницкъаллин структурийн а цаьрца йолу юкъаметтигаш а.