28 эзар евро кхачийна Европан кхело ГIалгIайчуьрчу бакъонашларъярхошна
ЕСПЧ-н кхеле бевлла бакъонашларъярхой хIетахь "Мемориалан" офисашкахь белхаш беш хиллера. Бу уьш Сокирянская Екатерина а, Тангиев Шамсуддин а, Мукушева Зина а, Мурадова Зоя а, Яндиева Фатима а, Хантыгов Альберт а. Наьсарахь журналистана Политковская Аннина леринчу пикетехь йиттинера Сокирянскаяна а, Тангиевна а, биссинарш дIалецнера.
"Оьрсийчоьнан кхо бутт хан ю компенсаци дIакхачо, - аьлла Гандаровс. – Практикано гайтарехь, оцу декъехь Оьрсийчоьно гуттар а кхочушбо Европан кхелахойн сацамаш".
Политковская йийна кIира даьлча бакъонашларъяран "МАШР" организацино хIоттийнера Наьсарахь пикет. ГIалин администрацин куьйгалхочо куьйга яздина кехат деллера, пикет хIотто бакъо ца ло аьлла. Акци хIотточу меттигехь хIорш ларбеш хьалхе дуьйна лаьтташ полицин машен хиллера.
Политковскаян суьрташ карахь долчу зударшна етта буьйлабелира полисхой. Мара кагбинера Сокирянская Екатеринин. Пикетан декъашхой полицин декъе бигинера, адвокате телефон тоха а бакъо ца луш.
ТIаьхьо кхеле балийра, амма юкъараллин къепе талхийна меттиг ца карийра царна. Сокирянскаян мара кагбинарг мила ву хиира, цунна 30 эзар сом гIуда туьйхира. Цул тIаьхьа Европан кхеле бевлира пикетехь хилларш. Иттех шо сов хан ийшира Европан кхелахошна, кхеран гIуллакхах йист яккха.