Добавить новость

Гайтаме спектакль: муха митингашка хьийсабо Нохчийчуьра белхахой

Яхначу аьхка Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьхьалъяьхначу санкцеша санна, полисхо лаьттинчо махкахь нахана тIехь Iазапаш лелорах дийцаро а, Iедалхоша шаьш лардаран механизмаш йолийна, меттигерчу бахархойн "протестийн" кепехь. Юкъараллан палатас а, регионерчу хьаькамаша а латкъамаш бо эладита долорна, ницкъахоша Оьрсийчоьнан президенте доьху, шайн сий дойъучу публикацех ларде шаьш, бохуш. ХIара дуьххьара дац, Нохчийчоьнан бахархой Iедалехьа лелочу пропагандина юкъаийзош.


Карарчу беттан 15-чохь "Новая газето" арахийцира шайн, йоккха гIовгIа эккхийтина интервью. Цу тIехь кхел йоцуш нах байъарх лаьцна дуьххьара тоьшаллаш далийра полкехь нах бойъуш гинчу, цигахь болх бинчу Гезмахмаев Сулимана.


Ткъа цул тIаьхьа Нохчийчоьно йинчу реакцица гуш ду, бохам баьлларг байъинарш а бац, тIехь ницкъбинарш а бац, мелхо а, полисхой а, церан доьзалаш а хилар.


Юкъараллан палато динчу диллинчу дIахьедарца а догIуш, цара лелийначух дийцаро холчахIиттийна полисхойн гергара нах - церан сина психологин Iаткъам бина.




Спецназхоша кхайкхам бира Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, шаьш ма-оллура "малхбузен къайлахчу сервисийн рупорх", "Новая газетан" журналистех Iалашде шаьш аьлла.

Ницкъахошкахьа гIо даьккхира Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис а, иштта, цхьа могIа хьаькамаша а, могIарерчу бахархоша а.


"ТIаьххьарчу хиламашкахь коьрта ду, "Новая газетан" цIарх а, журналистан Милашина Еленин цIарх а биллина туьйсуш кхерамаш хилар а, и дерриге а талла дезаш хилар а, - дуьйцу Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Human Rights Watch-ан Европерчу а, Азерчу а директоран гIовса Локшина Татьянас. - Стохка Нохчийчохь тIелатар дира Милашинина а, адвокатна Дубровина Маринина а. Цу шинна йиттинера, иза талланза дитира. Цундела гуш ду, билггал кхузахь кхераме хилар. Исторехь суна дуьххьара хетарг хIун ду аьлча - герзах боьттинчу ницкъахоша Путине дина дIахьедар цхьа моттаргIане а, ультиматуман кепехь а хилар. Уьш хIун ала гIертара аьлча, нагахь санна, Кремло йист ца яккхахь, шаьш цхьаъ ца дича ца довлу".


Хьалха а Iедалехьа лелош йолу пропаганда жигара елира стохка аьхка Американ Пачхьалкхан департаменто Кадыровна дуьхьал санкцеш яьхча, цо нехан бакъонаш ларъеш цахиларна. ХIетахь цуьнгахьа йолийначу кампанино дIахьедарш дора "ямарт Малхбузе" бохуш, Нохчийчоьнан урхалхочунна критика ен нах аьшпаш боттарна бехке а беш.


Социалан машанаш юьзнера оцу кепарчу дIахьедарша, къаьсттина санкцеш дуьхьал яхарх лаьцна дуьйцучу хаамашна бухахь юьтучу комментарешкахь.


"Вайна дукха дика хууш ду, халкъан безам, халкъ тIехIуттуш гойту кампанеш муха хуьлу, - билгалдоккху Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь анализан а, конфликташ эшоран а центран директора Сокирянская Екатеринас. – Цхьа а шеко яц, Iедалхоша вовшахбетташ бу и нах. Цхьаъ хьалха а ваьлла, чоьхьарчу а, арахьарчу а хьаштхочунна аьлла, хIоттийна цхьа спектакль иза хиларх, со тешна ю. Цхьана агIор, телевизионехула халкъан оьгIазалла нохчашна дIагайта, шолгIа, Москвана сурт хIоттон - махкарчу элитана а, урхалхочунна а тIаьхьа хIоьттина оццул тамаша баллал халкъерахьа гIолацар ду аьлла".


 




Нохчийчьурчу бюджетан белхахошна, кхин долу белхан декхарш а санна, тIехь ду - онлайнехь а, кхечу агIор а Кадыровгахьа гIо дахар.

Санкцеш дуьхьалъяьхначу юкъанна цхьаболчу белхахоша дуьйцура, мел лахара а, иттех хастаме комментареш язйина, йита декхаре ду шаьш баттахь Нохчийчуьрчу керлачу хаамийн ресурсийн аккаунташкахь, бохуш.


Шаьш бинчу белхан тоьшаллина, шайн куьйгалхошка дIакхачон декхаре бара уьш шаьш динчу йозанийн яьхна скришоташ.


Кхечу кепехь къинхьегам бу Iедална муьтIахь хилар гойтуш, масала, митингашкахь а, демонстрацешкахь а, хьаькамаша кхийкхочу кеп-кепарчу барамашкахь а дакъалацар.


Кхузахь хьахон догIу футболан ловзарш а. Футболца бала боцург а декхаре хуьлу меттигерчу "Ахмат" клубехьа дог лаза баха. Ца хуьлчу далахь, хьесап ду уьш балхара дIабаха, ткъа лакхарчу доьшийлашкарчу студенташна а "сингаттам" бала тарло.


Оцу кепарчу акцешкахь дакъалаьцча а тоаме ца хуьлу. Масала, Стигалкъекъа-беттан 1-чу къинхьегаман Денна леринчу барамехь дакъалаца 100-300 белхахо велла ца Iаш, пхиппа лозунгаш а, транспаранташ а, Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а байракхаш а цхьана кечъян а деза къинхьегаман Денна аьлла.


Халкъан цхьаалин денна лерина а декхаре хуьлу пачхьалкхан белхахой мехкан куьйгалхочун суьрташ кечдан. 2019-чу шарахь Нохчийчуьрчу бахархоша хаам бора, "Единая Россия" партих дIатоха хьийзадо шаьш, бохуш.


Масала, Соьлжа-ГIаларчу цхьана школе кхачийнера цхьа эзар ах эзар анкета - хьехархошна а, дешархойн дай-наношна аьлла.


"Оьрсийчоь сан дагчохь ю!", "ГIирма юхаерзийна шо кхачар даздар" (ма-дарра дийцича, ГIирмина йинарг аннекси ю) бохуш урамашкахь акцеш хIитторо а, меттигера хьакамаш харжамашна кечлучу заманчохь ечу агитацино а гойту, Кремлан политикана уьш муьтIахь хилар.


Оцу балхо билгалдоккху, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире тешам алсам хиларца, кехата тIехь - Нохчийчоь хьалхарчу могIарехь хилар.


"Нохчийн урхалхой адамийн бакъонаш хьешарна бехкебечарна дуьхьал арадолу адам плакаташца, Кадыров вазвеш. Шо шаре мел долу хуьлуш хIума ду иза, цунах цхьа а цец ца волу, хIунда аьлча, иза цара ца дахь мел беза мах охьабуьллу, хууш хиларна. Шайн доьзалаш ларбархьама, нах кийча бу нохчийн урхалхошна тIехIитта. Бюджетан белхахошна а тIедожош ду царна тIехIиттиначара. Цундела, шайггара ара а буьйлуш, шайн реза цахилар цара гойту - бохийла дац", - билгалдаоккху Локшинас.


Кест-кеста кхочу Нохчийчуьра меттигерчу бахархошкара анонимехь аьрзнаш, хIитточу барамашка бертаза хьийсадо шаьш бохуш. Дукхазза тхайн агIонашкахь оха яздина царех лаьцна. Ткъа хьакамаша бакъ ца до церан латкъамаш.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Сокирянах

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media









103news.com — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Сокирян — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 103news.com.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Сокирян или других населённых пунктов Черновицкой области мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Сокирянах можно самостоятельно через форму.

Другие популярные новости дня сегодня


Новости 24/7 Все города России



Топ 10 новостей последнего часа в Сокирянах и Черновицкой области



Rss.plus


Новости России







Rss.plus
Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Сокирянах, в Черновицкой области и в России