Даймахкахь бицбина кIентий
1999-чу шарахь, бомбанаш а, яккхийн тоьпаш а, ракеташ а етташ отуш Соьлж-ГIала а йолуш, Нохчийн пачхьалкхан университетана уллехь нисвеллера со. ГIалахь баш дукха адам дацара. Со машен сацийна а валале, ведда цхьа жима стаг тIевеара суна. Университетана чохь дIасакхиссина студентийн кехаташ ду. Царна юкъахь уьш тIемалой хиларан Iедалша делла тоьшаллаш а ду бохуш дийцара цо.