БагIдадерчу набахтехь Оьрсийчуьра ши йоI карийна Сабсабина
Сабсабис дийцарехь, ХIинжа-гIалара а, Тюменера а ши йоI латтош хилла зударийн набахтехь. Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан юкъагIортар бахьана долуш аьтто баьлла кхеле и шиъ цIаерзо оьшуш болу сацам байта. Дийцарехь, цу шинан дай-наной кхелхина.
Кхаарин дийнахь 4 шо долу Сумайа а, 3 шо долу Кевсар а кеманца дIакхачор йолуш ю Москох. Цигахь и шиъ дIалур ю шайн гергарчу нахе.