Кадыровс петарийн догIанаш делла боберашна
Кадыров Рамзана да-нана доцуш кхуьуш а, кхиъна а долчу 32 боберана керлачу петарийн догIанаш а, документаш а дIаделла, хаам бо цуьнан зорбанан сервисо.
Царах цхьаъ ю, 5 бутт болуш да-нана а кхелхина, йисина хилла 23 шо долу Иласхан-Юьртара Бисиева Жаннат. Девашас кхаьбна йолу иза хIинца шен а 2 бер (2 шо а, 5 шо а) а долуш ехаш ю.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, тIемаш бахьанехь 3 эзар гергга бераш дисина Нохчийчохь да-нана доцуш. Царна дахарехь дIанисбала луш ю Iедало хIусамаш.
Кадыровс дийцарехь, 2010-чу шарахь дуьйна байлахь диначу 884 берана петарш елла Iедало, ваха оьшург дерриг а чохь долуш. Белхан а, белхан меттигаш нисъярехула а, социалан кхиарехула а йолчу министралло далочу терахьашца, тахана чохь баха хIусамашка рогIе хIоттийна ду Нохчийчохь кхин а 1627 бобер.