Трамп а, Ким а тIелаца кечлуш ю Сингапур
Юьйцург ю Сингапуран арахьарчу гIуллакхийн министралла а, Iамеркан векалалла а, масийтта доккха хьешийн цIа а долу кIошта.
"Вашингтон пост" газето хьалхо хаам бинера, Iамеркан делегаци мах дIабаларан аьттонаш лоьхуш ю Къилбаседа Корейн делегаци Сингапурехь дIатаръян оьшуш болу. Цу юкъахь ду Ким Чен Ын отелехь дIатарвеш дала деза ахча а. Сингапуран Iедалша а аьлла, цу ахчанах цхьа дакъа шайна тIелаца дагахь ду шаьш.