ДуьнентIехь уггаре доккха маьждиг схьадоьллур ду Истанбулехь
Чамлыджа олу маьждиг дина цу гIалахь уггаре лекхачу меттехь. Цу чу а, гонаха а цхьаьнаметта ламазанна дIахIотталур ву 60 эзар гергга стаг.
Керлачу маьждиган ю 6 мимар. Царах 4 ю 107.1 метр лекха. Кхин шиъ 2 ю 90 метр локхалла йолуш.
Маьждигана уллехь схьайоьллур ю оьздангаллан центр, шена юкъахь суьртийн галлерей а, библиотека а, конференцеш дIахьон чоьнаш а йолуш.