Нохчийчуьра а, Дагестанера а ши машен дуьхь-духьалкхетта Волгоградан кIоштахь
Тешаш дийцарехь, некъахьовзам хилла Антиповка эвлана гергахь. Дуьхь-дуьхьалкхетар бахьана долуш цу шина машенан кабинаш яьгна.
MAN-на урхалла деш хилла 40 долу а, Volvo-на хьалха хиина хилла 38 шо долу а ши стаг дийна висина. И шиъ дIакхачийна дарбанан хIусаме.
Некъан полицин векалш къастош бу хилларг.