Венехь йоI йийначу кIентан дена дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдар доьху адвокато
Стигалкъекъа-бетттан 11-чохь дуьйнна чохь латтош ву полисхоша йоI йийна 16 шо долу Роберт. КIанта ша бехкана къера хиларх дIадийцина полицехь. Иза волу меттиг къайлаяьхьна Iедалша, йоьIан гергарчара бекхам барна кхоьруш. Хадижатан гергарчара шаьш чIир эца гIерташ дац аьлла, дIахьединшшехь, Робертан дахар кхерамна кIел хеташ, ларвеш ву иза.