Салахь юкъара дIавала лууш ву Мисаран къоман футболан тобанна
Салахьна юххерчу хьастано дийцарехь, жима стаг догдоьхна ву ша Нохчийчохь яьккхинчу хенах политика хьакхаяларна.
Кху кIиранах Кадыров Рамзана Мисарара футболхой базбеш той хIоттийра Соьлж-ГIалахь, Салахьна Нохчийчоьнан лараме махкахо цIе а туьллуш. ГIуллакх цу хорша дерзарна кийча ца хилла спортхо.
Футбол а йоцуш кхечу агIор шех пайда эцийта лууш вац иза.