Шайн тоба эшарна Нохчийчоьнан Iедалхой бехке буй толлуш бу Мисарара депутаташ
Чемпионат юкъара шайн команда яларна жоьпалла депутаташа церан тренерна Купер Экторна а, футболхошна а, Мисаран футболан ассоциацина а тIехь дуьту. Тобано ледара жамIаш гайтаран бахьанаш таллархьама парламентхой комисси вовшахтухуш бу. Къасто гIерта уьш, хIунда дIатарйира шайн тоба Соьлжа-ГIалахь, шайн къийсархошца цхьанакхета дезачу стадионна геннахь.
Иштта Мисаран Iедалхой къасто гIерта, шайн тоба дIатаръеллачу хьешан цIийне стенна чубуьтура цигахь хила бакъо йоцу нах. Иштта хьаькамашна интересе ду, юкъахь бина цхьа а барт боцуш, Салахь Мухьаммадан имиджах Нохчийчохь пайда стенна оьцуш хилла.
Толлуш ду, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Салахьна республикан хьакъволу вахархо цIе ялар, бакъонца догIий а.
Британин зорбанаша а бехкаш дехира "Ливерпулехь" ловзучу Салахьера, цо Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца лелийна юкъаметтигаш бахьана долуш.