Бахархошка хица бала хьегийтарна дIаваьккхина гIалгIайн "Водоканалан" куьйгалхо
Дзейтовн балхана ша резавацар дIа а хоуьйтуш, хIора шарахь аьхка бахархоша хица бала хьоьгий хуучу регионерчу "Водоканалан" директоро бIаьстенан юьххьехь проблема ерзийна хила езара аьлла мехкан куьйгалхочо Евкуровс.
ГIалгIайчуьрчу бахархоша социалан машанехь яздарехь, бутт хан хиллера билгалъяьхначу кIошташкахь хиш дIасацийна, ур-атталла дарбан хIусамашка а хиш доцу.