Ненан меттан низамашкахь ладаме хийцамаш хьехна депутато Саралиевс
Меттанийн низамашкахь хийцамбарна Саралиевна тIетайна депутаташ Делимханов Адама , Селимханов Мохьмад а, Догаев Ахьмад а, Милонов Виталий а, Сайтиев Бувайсар а, Агаев Ваха а, иштта кхиберш а.
Карладоккху, "Дешарх" долчу, ненан меттанаш Iамор берийн а, церан дай-наной а лаамехь дуьтуш федералан низам пачхьалкхан Думе листа кховдийнера кху шеран Охан-баттахь. Къаьмнийн меттанаш Iамор Оьрсийчуьрчу берийн шайн лаамехь дуьтуш, бакъо лора оцу низамо.
Низаман проектан авторех цхьаъ вара Саралиев Шамсаил, тIаьхьо шен куьгяздар юхакхайкхийра цо. Низаман чулацамехь юхьанца дийцарединарг хийцарна, юхаваьлла ша аьллера депутато. Оьрсийчоьнан бахархой царна хийра болчу маттана нуьцкъаша тIетеIор ца магийтар дара проектан маьIна.
200 гергга гIебартойн а, балкхаройн а интеллигенцин векал вовшахкхийтира Пачхьалкхан Думехь тIеоьцуш долу "меттанийн низам" шайна товш доцийла хаийта. Шаьш кечйина резолюци гуламо дIасахьажийра федералан а, меттигерчу а Iедалшка.