Желтойчохь цIерашкахь баьгначийн терахь кхуьуш ду
Оршотдийнахь дуьйнна цIераш йийлар марсадаьлла желтойн махкахь. Масех пачхьалкхан регионашкахь чолхечу хьолан раж кхайкхийна.
Афинашна гена йоццучу курортан кIоштахь яьлла уггар а йоккха цIе, цигахь 24 стаг ваьгна велла. БIеннашкахь орцанхой а, эскархой а бу цIе яйа тIеоьзна. Евробертан пачхьалкхашка орца дехна желтоша.
ТIаьххьарчу иттех шерашкахь уггар яккхий лоруш ю кхушарахь йийлина цIераш. Беттанашкахь тIехсов йовхо латтарна йийлина цигахь цIераш. Мехаша цIе дIасаяржорна аьтто ца болу орцанхойн и дIаяйа.