Пакистанехь динчу эккхийтарехь 29 стаг вийна, лазийна 30
Кхааридийнахь юкъара парламентан лахарчу палатан а, низамаш дохучу хьукматийн а харжамаш бара дIахьош Пакистанехь. Харжамаш дIахьочу юкъанна теракташ дар дуьххьара дац Пакистанехь. Карарчу беттан 13-чохь оццу гIалахь динчу эккхийтарехь вийра 133 стаг, лазийнера 230 сов вахархо.
ДаIишхоша хIетахь а шайна тIелаьцнера теракт.