Reuters: Iамерко "дукха шийла" тIеэцна Оьрсийчоьно Шема хьокъехь кховдийна некъ
Герасимовс кехат дахьийтина хилла Товбеца-беттан 19-чохь, ХIелсинкехь Путин Владимир а, Трамп Доналд а цхьаьнакхеттачул тIаьхьа кхо де даьлча. Цу тIехь инарлин штабан куьйгалхочо Вашингтоне некъ кховдийна Асад Башаран ницкъаш Iуналла дечу меттигашкахь йохийна инфраструктура меттахIоттош цхьаьна болх бар хьокъехь.
Амма и некъ дукха шийла тIеэцна Вашингтонехь. Iамеркахошна хетарехь, цу тайпа план тIеэца мегар ду, нагахь Шемара кризис дIаерзор Iалашонца политикан некъ карабахь, шена юкъахь дуьненаюкъаралло тидам а беш, бозуш боцу харжамаш дIабахьар а долуш.