НДС олучу йолан барам алсамбакхарх лаьцначу низамна тIе куьг таIийна Путина
Цу хьокъехь долу документ арахецна низамийн хаамийн официалан порталехь. Путина тIечIагIдина и низам болх бан долалур ду 2019-чу шеран Дечкен-беттан (Январь) 1-чу дийнахь дуьйна.
НДС – йохкархочо йоккхуш йолу нисса дIа йоцу ял ю, эцархочо луш йолу. Цу кепара йолан барам алсамбаккхаро дестор ду мехаш.
Йолан барам тIетохарна дуьхьал акцеш хилира Оьрсийчохь.