УФСИН: Темерханов цамгарех велла Омскерчу дарбанан хIусамехь
"Иза велла гIалин дарбанан хIусамехь. Цига иза дехьаваьккхинера таIзарш кхочушдон федералан сервисан дарбанан цIийнера. Иза дехьаваккха сацам бинера Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь, цуьнан могашалла талхар бахьана долуш. Цуьнан яра дӀа ца йолу цамгаршца йоьзна халонаш. Царах велла иза", - аьлла ду УФСИН-о бинчу хаамехь.
Хьалхо, Темерхановн шичас "Кавказ.Реалии" сайте хаам бинера, тутмакх Омскан кIоштарчу набахтин дарбанан хIусамехь велла, хууш доцучу бахьанашца аьлла. Цо дийцарехь, Омскан кIоштарчу колоне дIакхачийча во хиллера Темерхановна. И бахьана долуш госпитале охьавиллинера иза.
Пхи шо хьалха Темерханов Юсуп, 15 шо хан а тоьхна, чувоьллира 2011-чу шарахь Мангал-баттахь Буданов верна. И стаг, 10 шо хан а тоьхна, чувоьллинера, Нохчийчохь, хьийза а йина, 18 шо долу йоI ерна. Амма 6 шо даьллачул тIаьхьа хенал а хьалха дIахицира иза колонера.
2011-чу шарахь Мангал-баттахь Москох вийра Бданов. Талламхойн версица, Темерханов Юсупа 8-зза тапча тоьхнера Будановна. Кхело сацам бира цо иза дина, цу стаге цабезам хиларна аьлла.