ХьаьжцIа вахархьама шена тIера алименташ дIаделла дагестанхочо
"2016-чу шарахь дуьйна тIеэгийна хиллера цунна алименташ, юхьанца шен-шен заманчохь дIа а луш, эххар а цунна тIехь дисинера 132 эзар сом", - дийцина "Кавказ.Реалии портале Дагестанерчу кхелан пурстоьпийн урхаллехь.
Мекка йоьдучу тобанца зиярте ваха новкъаваьллачу цунна дихкинера, тIера декхар дIа ца делча, пачхьалкхера аравалар. Цу дийннахь шена тIера декхар дIа а даьккхина, шолгIачу тобанца новкъавала лерина ву иза.