Iамеркерчу електроникана бойкот йийр ю ЭрдохIана
Туркойчоьнан коьртачу гIалахь шен АК партин гуламехь вистхуьлуш, ЭрдохIана билгалдаьккхира, Iамерко экономикан сферехь еш йолу агресси Туркойчоьнах хилла ца Iаш хьакхалуш ю кхечу пачхьалкхех а аьлла, масала Оьрсийчоьнах а, Китайх а, Канадех а.
Президентана ЭрдохIанна хетарехь,лира дайдалар Туркойчоьно дIахьош йолчу йозуш йоцучу политикана дуьхаьл хьажийна акци ю. ХIара шо доладелчхьана туркойн къоман валюта дайделла 45 процентана.