Дешархошна тIехь терго латто еза аьлла Кадыровс
Массо а декъахь берашна а, кегийрхошна а тIаьхьабевлла лелар лору бахархоша юкъадаккха леринарг. Нохчийчохь полисхошна цхьа могIа тIелатарш динчул тIаьхьа, кху беттан 22-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIакхайкхийра, "берех даьллачух жоьпалла дена а, нанна а тIехь ду" аьлла.
"Дешаран шо ду долалуш, массо а бер школехь хир ду. Аьхка цIера бевлларш а, ишта кхи дIа а. Цара хIун леладо, муха бу церан хьежамаш, дог-ойланаш – и дерриге а вайна хаа дезаш ду. Дозанал а арахьа бехачарна, церан гергарчарна тIехь а терго латто еза. Дайша-наноша Iуналла дан деза шайн доьзалийн", - аьлла Кадыровс "Грозный" телеканалан эфирехь.