Оьрсийчоьнна дуьхьал леррина компани йолийна, боху арахьарчу гIуллакхийн министралло
Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хилара, Европехь кхерамазаллехула а, цхьаьна къахьегарехула а йолчу вовшахтохаралло (OSCE) сацам бина адамийн бакъонаш толлу, шех Москох кхоьллина механизм олу кеп бухе а юьллуш, Нохчийчохь бакъонаш талхор талла.
Оьрсийчоьнан министралло билгалдаккхарехь, Москохо дехар дина адамийн бакъонаш талхийна меттигаш йийца шайна аьлла шаьш дехар дича, зорбанан гIирсашкахь араевлла материалаш шайна яийтина хилар.
Дипломатин хьукмато динчу дIахьедарехь аьлла ду, адамийн бакъонаш ларъярца доьзначу хаттаршкахула кхачам бацарш дIадаха аьтто бийр болу къамел дIадахьа Оьрсийчоь кийча хиларх лаьцна.