Къилбаседа Кавказе оьхучу туристийн терахь 20 проценте гIоьртина
10 процентал сов ду "Эльбьрус" когсалазийн курорте керлачу шеран дезачу деношкахь баьхкинчийн терахь аьлла, дIахьедина ГIебарта-Балкхаройчоьнан Iедалша. Социалан машанашкахь дуккхаъчара далхадора, цигарчу канатан некъа тIе кхача гIертачийн яккхий раьгIнаш латтар.
Карара бутт карабеачхьана 8-чу дийне кхаччалц схьа Кхарачойн-Чергазийчуьрчу "Архызехь" хилла 42, 5 эзар хьаша. "Эльбрусе" кхечира 48,5 эзар турист. Нохчийчуьрчу "Ведучехь" хилира цхьа эзар ах эзар гергга хьаша, хаамбина "Курорты Северного Кавказа" компанино шайн сайтехь.