Саидов Билал. Буобер.
Буобер Байлахь дисина а, тилла а, телхина а долу бераш схьа а гулдеш, юха уьш хила хьакъдоллучу меттигашка дIа а доькъуш йолчу милицин пунктехь гинчу диъ шо кхаьчначу кIантах лаьцна. Волчара я волчо базара а валийна, иза дIакхоьсина пхоьалгIа бутт бара суна и гуш. Иза цу дийнахь интернате кхаба дIавелира. Тимур ву боху хьо, Тимка а олу хьох. Нанас дIакхоьсина, Хьо лохуш стаг а вац. Стиглара ца воьжна, Лаьттах а ца ваьлла- Ша адам дацахь а, Хьо винарг зуда ю. Базарахь дIатесна, Муьлхачо вити хьо? Читать дальше...