Туркойн паспорташ каракхаьчча, дерриг а толур ду моьттура...
ТIеман кIуьрлахь некъаш ца хоьржуш, шайн аьтто боллучу агIор, Малхбузе, Малхбале, дIасахьаьлхина, кхаьч-кхаьчначохь охьахевшина нохчийн мухIажирш шина башхаллехь беха тахана. Европе кхаьчнарш – бухарчу Iедална баркаллашкахь, Iаьрбийн мехкашка я Туркойчу биссинарш – белхаршкахь. ХIан-хIа, вац хьоло кураваьккхина хIора а «европахо», бу царалахь ирс-аьтто ма-хетта ца карийнарш а. Амма дуста диллича, алсамо леткъамаш хеза Малхбалерчу мухIажиршкара. Ша аьлча, Туркойчуьра. Маршо Радионо лурчах бIаьста йийцира туркоша тIеэцначу... Читать дальше...