Несар-коьртан маьждиган имам волчура дIавала дагахь ву Чумаков
Чумаков Хьамзата ша Несар-коьртан маьждиган имаман даржера дIавала воллу аьлла, дIахьедар дина пIераскан дийнахь. И хаам цо бина маьждигехь Рузба дIадаьллачул тIаьхьа. Шена дIавала лааран бахьанаш ца дийцина Чумаковс. Рузбане гулбелллачу наха аьттехьа тIе ца дитина иза дIавалар. Дукха наха ца магийна цунна иза. Цуьнах хаам бина маьждигехь хиллачу наха. Чумаков Хьамзат Къилбаседа Кавказехь вевзаш имам ву. Цуьнан хьехамашка ладогIа дукха нах гулло луларчу мехкашкара а. Чумаков гIараваьлла Iедалшна ира критика ярца. Читать дальше...