Порошенкоца къамелдан ша реза хIунда вац хаийтина Путина
Iаьржачу хIорд тIехь лаьтта конфликт ерзон Iалашонца Украинан президентца Порошенко Петрца телефонехула дийцарш дIадахьа ша дуьхьал хиларх кхетийна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владмимира. "Цуьнан харжамийн кампанехь дакъалаца ца лаьа суна", - дIахьедина Путина, яздо "Новости" агенталло. Порошенкос хьалхо дIахаийтира, Керчан гечонехь инцидент иккхинчул тIаьхьа Путинца телефонехула къамелдан гIоьртира ша, амма цо жоп ца ло аьлла. Оьрсийчоьнан президента чIагIдарца, украинхойн цуьнан коллегас кризисе хьелаш хIиттадо... Читать дальше...