Маршо Радион тIаьххьара керланаш
Керла прокурор тIечIагIвина Дагестанехь, Рак-лазар уггаре кIезиг даьржина мехкаш бу Дагестан, Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, Биарриц гIалин мэрехь бакъдо меттигера ши цIа Путинан гергарчийн хилар.
Керла прокурор тIечIагIвина Дагестанехь, Рак-лазар уггаре кIезиг даьржина мехкаш бу Дагестан, Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, Биарриц гIалин мэрехь бакъдо меттигера ши цIа Путинан гергарчийн хилар.
Дагестанан парламентан куьйгалхочо Шихсаидов Хизрис комментари йина, дукха хан йоццуш ГIизларарчу дозане нохчийн парламентан куьйгалхо а вогIуш, иккхинчу хиламан хьокъехь. Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу векалан тIегIанехь сацамбина кху шарахь доза къастош болу белхаш цабан, боху Шихсаидовс. "Экам воцчунна сахьт а ца оьшу юкъаметтигаш талхо, ткъа боьхна барт, доьхна дегнаш меттахIиттош, вовшашна къинтIера довла оьшур ду шераш. Цундела чIиркъе хьийза хьашт дац. ПарггIат дийца деза... Читать дальше...
Стохка хи хьадча, шайн хIусамаш йохийначу Краснодар махкарчу Кривенковское юьртарчу бахархоша видеошца дехарш дахьийтина президенте Путин Владимире. Наха аьрзнаш до шайна гIо ца дечу Туапсен кIоштан а, регионан а Iедалшна. Бохам хиллачийн могIарахь бу 176 доьзал. Царех цхьана декъанна хIусаман сертификаташ елла, амма гIо доцуш йисина 100 сов ков-керт – тахана а дац меттахIоттийна церан дайшна хилла зен. Кхечу меттехь хIусамаш йолчу, я кхечу цIеношна тIеязбинчу наханна меттигерчу низамаша ца кхачадо гIо, олу леткъамхошка меттигерчу Iедало. Читать дальше...
Дагестанан Халкъан Кхеташоно пурба делла Дагестанан прокуроран гIовс Ежов Алексей прокуроран дарже хIоттон, хаамбина "Интерфаксо". Хьалхо Абакан гIалин прокурор лаьттина Ежов. Иза вина Алтайхь 1980-чу шарахь. 2018-чу шеран Охан-баттахь Дагестанан прокуроран Попов Денисан гIовс хIоттийра Ежов. Дагестанехь прокурор Iийна Попов Мангал-баттахь хьажийна Москох прокуроран дарже.
Гуьржийн лаьмнашкахь иттанашкахь ю яссалуш лаьтта ярташ. Рицкъ лоьхуш, гIолехьа дахар кароре сатуьйсуш лаьмнашкара дIаоьху бахархой.
Федералан низамо кхачош долу хьелаш дац Къилбаседа ХIирийчоьнан бахаман-коммуналан министралло 2018-чу шарахь боберашна еллачу хIусамех дукхайолучарна чохь, хаамбина "Кавказ.Реалиига" мехкан прокуратурин пресс-гIоьнчалло. Пригородан а, Дигоран а кIошташкахь екъна петарш ца йогIу санитаран-эпидемиологин низамашца, ледара ю техникаца,чохь бинчу аьттонашца, элира хьостано. Цхьаболучарна хIусамаш екъна, уьш бинчу ярташна, гIаланашна генахь. Цундела шиммо схьа а ца эцна шайна елла петар, хIусам йоцуш ду и ши бобер тахана а. Читать дальше...
Оьрсийчохь рак-лазар уггаре дукха даьржинчу мехкийн цIерш яьхна эксперташа. Массарел а хьалха бу, 2018-чу шеран терахьаша гайтарехь, "цIе ца йоккху цамгар" яьржина хиларца Курскан мохк – 100 эзар бахархошлахь цомгуш ву оцу лазарх 3331 вахархо. Лазар массанхьачул а дукха даьржинчу регионех бу Краснодаран мохк а, хаамбо ТАСС-о. Рак-лазар уггаре кIезиг даьржинчу мехкашлахь ю Дагестан (100 эзарнах 887 стаг), Нохчийчоь (1044), ГIалгIайчоь (1179).
Францин тоьллачу курортех йолчу Биарриц гIалахь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран доьзалан цIенош хилар тIечIагIдеш артикл араяьккхина Time журнало. Путинан нуц ву бохуш вуьйцучу Шамалов Кирилла а, Оьрсийчоьнан президентан йоIа Тихонова Екатеринас а 2012-чу шарахь цIа эцна гIишлошъюхкучу фирмин агент Вебер Лорен схьакаро аьтто баьлла журналистийн. Вебера бахарехь, йохк-эцарехь дакъалаьцна шиммо а. Time журнало далочу тоьшаллашца а догIуш, цIа эцнарг Шамалов ву, цунна иза доьхкина Путин... Читать дальше...
Байначу баттахь Германерчу Франкфурте "7 континент" цIе йолчу менталан арифметикан Дуьненаюкъарчу олимпиаде ваха кечвинарг вара иттаннаш пачхьалкхашкара 480 дешархо. Амма 70 беран бен аьтто ца баьлла Германе виза яккха. Хьалхара меттиг яьккхина Соьлж-ГIаларчу менталан арифметикан школин дешархочо Сугаипова Аминас. Цо шел тIаьхьадитина Оьрсийчуьра, Германера, Казахстанера, ХIиндойчуьра, Узбекистанера, Францера, Швейцарера - 19 пачхьалкхера – даьхкина бераш-вундеркиндаш.
ГIебарта-Балкхаройчоьнан президент лаьттина, тахана шайн мехкан сенатор волу Каноков Арсен саготта ву "Хабзэ" юкъараллин куьйгалхо Кочесоко Мартин лаьцна латтош хиларх. Федерацин Кхеташонан декъашхочо дехна ницкъхошка, Кочесоко изоляторера дIа а хецна, цIахь тергонехь латточу низаман кепе хIоттор. "Со сайн агIор кийча ву Москох лаккхара корматалла йолу адвокат лаца а, верасалла сайна тIеэца а, таллам нийсонца дIабахьийта а. Кечдеш ду Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре депутатан дехар а", - аьлла Каноковс шен Facebook машанерчу агIонтIехь. Читать дальше...
Къилбаседа ХIирийчоьнан пачхьалкхан педагогикан институтна рогIера аккредитаци ца елла дешарна тIехьожучу урхалло (Рособрнадзор). "Пачхьалкхан бюджетан дешаран хьукматна "Къилбаседа ХIирийчоьнан педагогикан институтна" лойла дац пачхьалкхан аккредитацех долу тоьшалла", аьлла ду документ, ТАСС-агенталло бечу хаамехь. Бахьана довзуьйтуш дац.
Дагестанан куьйгалхо Васильев Владимир пехийн лазарца дарбан цIийне кхачийна Москох. Регионан пресс-гIоьнчалло бечу хаамца, Васильевна пехех хьуйоьлла хилар гучудаьлла лоьрашна. Цунна дарбадечу юкъанна, цуьнан белхан декхарш кхочушдийр ду республикан министрийн кабинентан кьйгалхочо Здунов Артема. Ханна Дагестанан куьйгалхочун декхарш кхочушдан хIоттийра Васильев 2017-чу шеран гурахь. Стохка Гезгамашин-баттахь парламенто мехкан куьйгалхо хаьржира иза.
103news.com — информационный сайт, транслирующий новости города Вашего города онлайн. Всё, что происходило и происходит в городе — в оперативной ленте ежедневных новостей в интерактивном режиме на сайте 103news.com.
Самые свежие новости Вашего города, а также полный архив ежедневных событий города с аналитикой, комментариями и прямыми ссылками на источники информации. Местные городские, авторитетные региональные и популярные федеральные новостные агентства и телеканалы — в одной ленте новостей, упорядоченные по времени публикации и с обязательным указанием первоисточника информации. Ничего лишнего. Всё о чём говорят, пишут в газетах и блогах, показывают по телевизору и транслируют в интернете — из первых рук.
103news.com — самый полный календарь значимых и не очень событий Вашего города, в Вашем городе и о Вашем городе вчера, сегодня и прямо сейчас — от пользователей нашего сайта в режиме онлайн. А также — актуальные статьи и мировые новости.
Если же Вы проживаете в городе Вашем городе или у Вас есть просто интересная информация о городе и горожанах мы всегда рады разместить её на нашем портале с указанием в публикации Вашего авторства. Пишите нам на электронный адрес: mail@29ru.net. Создайте свой блог и, если он будет интересен, то Вы получите совершенно бесплатно баннер и прямую ссылку на него, размещённую на всех страницах региональных интернет-ресурсов нашей веб-группы, а это — более 1 000 000 просмотров в месяц.
103news.com — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 103news.com.
Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.
Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).
103news.com — живые новости в прямом эфире!
В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.
Музыкальные новости