SpaceX компанино кхиаме космосе хецна Falcon Heavy ракета
Маск Илонан SpaceX компанино кхиаме космосе хецна 25 спутник шеца йолу Falcon Heavy еза ракета. Иза дина хIордаца йолчу Канаверал меттигерчу космодромера шинарин дийнахь Соьлж-ГIаларчу хенаца 9 сахьт 30 минот яьлча. Хьулург оццу хенахь гойтуш дара SpaceX компанин YouTube-каналехь. Ракето тайп-тайпанчу орбиташка йоккхур ю Iедалан а, коммерцийн а 3,7 тонн йозалла йолу 24 спутник. Царна юкъахь ю маьлхан гата шеца долу Prox-1 аппарат а, маьлха зIенар моторан метта пайда эца аьтто бийр болу чалх а. Читать дальше...