Маршо Радион тIаьххьара керланаш (18.02.2020)
Австрера теш Бек Мартин, Соьлж-ГIалин аэропортан тендер, Экс-президенташна тIецакховдар (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Австрера теш Бек Мартин, Соьлж-ГIалин аэропортан тендер, Экс-президенташна тIецакховдар (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Дуьненанюккъера шолгIа тIом боьдучу хенахь, немцойн кеманаш бомбанаш туьйхира Ломаз-юьрта. Оцу хенахь, шен кертахь вийра Муцаев Iелин да. Цул тIаьхьа дукха хан ялале нохчийн къам махках даьккхира. II шо бен шен ца хиллехь а хIетахь, дерриг а ма-дарра дагадогIу шена боху Iелас.
Соьлж-ГIаларчу аэропортана реконструкци еш белхаш барехала тендер дIахьур ю тIебогIучу Зазадоккху-беттан 6-хь. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо дийцарехь, проект кхочуш ян хьажор ду 16 миллиард сом. Хьалхо бинчу хаамашца, аэропортана реконструкци яр дIадолор ду 2021-чу шарахь, дагалаьцначу хенал хьалха, ткъа дIадерзор ду 2023-чу шарахь. Юхьарлаьцначу проектаца а догуш цигахь йийр ю керла автовокзал а, 45 метар шуьйра а, 3200 метр еха а йолу кеманаш гIуьтту а, охьаховшу а аса а, кхин йолу объекташ а.
Оьрсийчоьнан Конституцина тIехь хийцамаш барехула белхан тобано хьалхататтар дина, хиллачу президенташна тӀецакховдар тӀечӀагӀдан деза Конституцехь аьлла. Цунах лаьцна белхан тобанан кхеташонехь хаам бина цуьнан гIантдех цхьаъ волчу Крашенинников Павела, яздо РИА Новости агенталло. Дийцарехь, Оьрсийчоьнан президентан даржехь хиллачарна кхин а гарантеш яла мегаш ю, федералан низамаша билгалъяхна йолу.
ХIаагерчу Аппеляцин кхело декхарелахь йина Оьрсийчоь 50 сов миллиард евро дала ЮКОС мехкадаьттан компанин хиллачу акционерашна. Цунах лаьцна хаам бина шинарин дийнахь Reuters агенталло. Цу гIуллакхехула лааткъам бинарг ю Group Menatep Limited компанина юкъайогIуш йолу офшоран кхо структура Hulley Enterprises а, Yukos Universal а, Veteran Petroleum а. Церан долахь яра ЮКОС-ан 70 процент акцеш. Цу структурийн ахча дайра цу компанех банкрот ярна, яздира хьалха Forbes-о. Цу компанийн акционерашна... Читать дальше...
13 шо долуш бер хилла, дай мостагIий лерина, махках бохучу шарахь Ломаз-юьртарчу Манкаев Халилан. Доьзалехь уггар а воккханиг хилла иза хIетахь. Ткъа тахана 89 шаре ваьллачу къаночунна Iаламат дика дагадогIу шаьш арадахар а, хийрачу махкахь шаьш текхна бала а, даймахка дерза бакъо луш, беана кхаъ а, 17 шарахь сатийсинчу Нохчийчу юхадахкар а.
Оьрсийчуьра 80 процент гергга бахархой тешна бу Оьрсийчоьно а, Малхбузено а накъосталлан а, доттагIаллан а уьйраш латто еза бохучух. Иза гойтуш бу "Левада-центро" бина таллам. Къийсамхо санна Малхбузе тIеоьцу 16 процент шайна деллачу хаттарна жоп деллачу наха, кхин а 3 процент иза мостагI хеташ бу, аьлла ду социологаша бинчу талламехь. Цуьнца цхьаьна Евробарт (49%) Америкел (42%) дика тIеоьцу Оьрсийчуьрчу бахархоша.
Некъабохам хилла Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштахь. Старопромыслан шоссе урамехь Hyundai-на урхалла дечу 66 шо долчу стага машен тIетоьхна мегар доцчу меттигехь некъ хадош йоллучу 41 шо долчу зудчун. Хиллачу чевнех зуда кхелхина оццу меттехь, хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо. Полицино болийна таллам.
Нохчийн блогер Алиев Iимран вийна стаг ву бохуш вуьйцург уьйраш йолуш хила мега Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца. Цунах лаьцна яздо Business Insider зорбан гIирсо, ницкъаллин структурашкарчу шайн хьасташна тIе а тевжаш. Цу наха динчу дIахьедарца, цара хаамаш гулбина цу стагах (киллерх) лаьцна, ткъа цара гойту иза Кадыровца юкъаметтигаш йогIуш хилла хилар. Цу кепара Алиев вер политикан бух болуш ду боху верси бакъ хуьлуш ю, бохуш чIагIдо Business Insider-ан хьасташа. Цара дийцарехь, блогер вевзаш хилла киллерна. Читать дальше...
Нохчийчуьра схьаваллачу Австрин вахархочо Бек Мартина (Анзор цIарца вевзаш а ву иза) дийцина Украинехь Окуева Амина муха йийра. Цу стага иштта тоьшаллаш до Осмаев Адамна а, Украинин Радан депутат хиллачу Мосийчук Игорна а тIелатар дар хьокъехь. И дерриг а дуьйцуш видеоинтервью арахецна "Свободный" телеканало, хаам бо Аpostrophe.ua сайто. Интервьюна кIеллахь яздинчуьнца а догIуш, "2008-чу шарахь дуьйна Beck Martin (Анзор) болх беш хилла Австрин лерринчу сервисашца цхьаьна. 10 сов шарахь Европехь а... Читать дальше...
103news.com — информационный сайт, транслирующий новости города Вашего города онлайн. Всё, что происходило и происходит в городе — в оперативной ленте ежедневных новостей в интерактивном режиме на сайте 103news.com.
Самые свежие новости Вашего города, а также полный архив ежедневных событий города с аналитикой, комментариями и прямыми ссылками на источники информации. Местные городские, авторитетные региональные и популярные федеральные новостные агентства и телеканалы — в одной ленте новостей, упорядоченные по времени публикации и с обязательным указанием первоисточника информации. Ничего лишнего. Всё о чём говорят, пишут в газетах и блогах, показывают по телевизору и транслируют в интернете — из первых рук.
103news.com — самый полный календарь значимых и не очень событий Вашего города, в Вашем городе и о Вашем городе вчера, сегодня и прямо сейчас — от пользователей нашего сайта в режиме онлайн. А также — актуальные статьи и мировые новости.
Если же Вы проживаете в городе Вашем городе или у Вас есть просто интересная информация о городе и горожанах мы всегда рады разместить её на нашем портале с указанием в публикации Вашего авторства. Пишите нам на электронный адрес: mail@29ru.net. Создайте свой блог и, если он будет интересен, то Вы получите совершенно бесплатно баннер и прямую ссылку на него, размещённую на всех страницах региональных интернет-ресурсов нашей веб-группы, а это — более 1 000 000 просмотров в месяц.
103news.com — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 103news.com.
Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.
Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).
103news.com — живые новости в прямом эфире!
В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.
Музыкальные новости